Как правильно молиться? 18 важных дуа для мам

ДО1АНА ЖОП ЛО МЕТТИГАШ:

1) Лайлатул-къадар буьйсан.

2)1уьйкъе ечу хенахь(сухьур)

3)Ламаза деш, салам далале.

4) Молла кхайкхарни, къомат дарни юьккъехь.

5) Керла шо дола делча доьххьара дог1у дог1 гича.

6) Буьйсанна цхьана сахьтан чохьа.

7) Рузбан дийнахьа, де чакх дале т1аьхьара сахьтана чохь.

8) Зам-зам хи молуш.

9) Ламазан суджудехь.

10) 1уьйра хенахь н1ана кхойкхуш.

11) Шена зулам дина волчуьн до1а.

12) Дас а нанас шена доьзалхочун дина до1а.

13) Дикачу доьзалхочо шена дени а нанни даьш долу до1а.

14) Марха долчуьна до1а.

15) Некъхочуьна до1а.

16) Малха нисса юьккъера д1атойжич (завале баьлча), даьлкъа хан хилале, оц хенахь дина до1а.

17) Ла Илах1а илла Анта, субхьанака инни кунту миназ-з1олимин аьлчул т1аьхьа дина долу до1а.

18) Аллох1умма инни асъалука бианни ашх1аду аннака антал-Лох1у , ла Илах1а илла Анта, ал-ахьаду ас-самаду, аллази лам ялид ва лам йуьлад, ва лам якул-лах1у куфуван ахьад. И до1а диначул т1аьхьа дина долу до1а.

КХАРНА ЮЬККЪЕХЬ ДО1АН ЖОП ЛО МЕТТИГАШ Ю, ДО1АНА ЖОП ДАЛАРНА ГАЬРГ ЙОЛУ МЕТТИГАШ Ю.

20.08.2024
102

Комментарии

hedik095
.....·Мама сына (8 лет)

Салам далле мух до теш и доь1?

20.08.2024 Нравится Ответить
zainab_dj

Этхьаг дешна яьлча

Салам далле

ссылка

20.08.2024 Нравится Ответить
zainab_dj

ЖОП ДАЛАРНА ГАЬРГА ДОЛУ ДО1АНАН КУЦЕШ.

1- До1а Дела доьхьа,даггара хилар.

2- До1а, ша доьхург х1у ду хууш, ойла еш дар.

3- До1а деш , аз лахдар, т1аь1ан хилар.

4- Шена къиношна къера хил гаьчдар дехар а Аллах1а делчу ни1матан шукар (хастам) дар.

5- До1а кхуз-кхузза дар, дог диллан юх ца валар, жоп даларна сихо ца яр.

6- Шена до1ана жоп даларна таьшан хилар.

7- Аллах1ан хастам барц, пайхамарна ﷺ салават дилларц до1а д1а дола дар, до1а дина ваьлча салават дилларц.

8- Къилбан т1е ваьрзар, куьйгаш айдар.

9- Ша доьхуш долчу х1умангахь Делаца бакъ хилар.

10- Делаца дика моттар, дика ойла хилар.

11- Аллах1 Дала а Пайхмара ﷺ а бохуг даьш хилар.

12- Суннат 1амалш алсам яр.

13- Хьарамчу даарах, маларх, т1е йуху бедарах лар валар, хьанал ерг лахар.

14- Дукха до1анаш дар парг1атонехь волуш.

15- Дукха Дела хьег1авар.

16- Дела хазачу а езачу ц1ершца а сифаташца а дехар.

20.08.2024 Нравится Ответить