«Бlабу догlу..»
Цхьадолу дас-нанас, бер пилёнкаш юкъахь долчу хенахь дуьйна дIа, и доьлхучура сацорхьама, "бlабу догlу!" - бохуш кхера а деш кхиадо. Делахь а, цушинна ца хаьа шаьшимма цунна дешдерг мел доккха зен ду! Бер жималлехь ша кlеда чlурам (свеча) санна ду, муьлхха а шена тlехь юьтуш йолу лар шеца юьсуш. Тlаккха и бер кхиина даьлча чlогlа кхоьруш хуьлу, жималлехь ша кхерош шена хьехийна долу сарташ сих-сиха дагаоьхуш. Шена уллехь хlумма ца хилча а, цхьаъ уллехь ю моьттуш, шена хlумма ца гича а, цхьаъ гина моьттуш. Дайн-нанойн гlалат бахьана долуш цу берийн дахар кхин дlа чlогlа кхоьруш хира ду. Цундера и тайпа дош бере аларах лардала деза Да-Нана.