Mom.life
إيمان
stoykaya
إيمان

Арафат де: Самый важный день в исламе! Что происходит?

*Ӏарафат де, дуьненчохь дац хӀара санна деза де!*

-АЛЛАХ| дуьнен стигал тӀе охьавуссу де.
-АЛЛАХ|А Шен маликашна хьалха Шен лешха дозалла деш де.
-АЛЛАХ|А уггаре дукха Шен леш жоьжахатех хьалхабуьту де.
-ДоӀанна жоп ло де.
-Къиношна гечдо де.
-Шена чохь марха кхаьбначунна шина шеран къинош гечдеш де.
-Ислам-дин АЛЛАХ|А кхочушдина де.
-Хьаж даран уггаре беза болх шена чохь кхочушдеш долу де.
-Мархийн беттан муьлхха а дийнал деза де.
-Лайлатул-къадр буьйсанан дийнал а деза де.
-Ӏашураъ дийнал а деза де.
-Дуьненчохь массо дийнал а деза де.

*ТӀаккха, диц ма делаш шайн доӀанаш АЛЛАХ|Е далхо, умматан хьал, вайн къоман хьал, вайна тӀера гӀело, сийсазалло, и дерриге дикачу агӀора хийца йиш йолчу АллахӀе хьасталой даггара далхаделаш тахана, герга дара-кх АЛЛАХ|А цхьанне мукъане жоп дала, тӀаккха и хьал дикачу агӀо хийцадала!*
15.06.2024

Лучший комментарий

Комментариев ещё никто не написал.

Читайте также