Mom.life
زوجة عمر
imaraum
زوجة عمر·Мама двоих (5 лет, 6 лет)
post image
Даггара хьоьх кхетар волуш, даггара хьоьга ладуг1ар долуш, эшахь хьоьцани воьлхар волуш - адме хьашт хилли хьо цкъаа?

Дера хилла, суна хаа хиллий.

Х|ора а ву-кх Аллах|а зуьйш, массо а шен кепар зуьйш… Уггаре хала дерг т1ехула гуш чов йоцуш - кийра лазар, кийра |ийжар, дог делхар ду-кх.

Бала Аллах|е балхо беза, делахь адам хьашт ду-кх шега кхетар долчу адме, шена и Аллах| дагавоийтар волчунг, шега «Парг1ато герга ю хьуна, дог ма диллалахь.», - эра долчунга.

Эрна олуш ма дац «Адамаш - адмашна ду». «Нах - нахана бу» маь|на доккха ду, амма цунах кхеташ к1еззиг бу.
30.04.2024
51

Лучший комментарий

Комментариев ещё никто не написал.

Читайте также