ЗУДАРША САМО ЙОЙЛА КХУ БАЛХАНА!
Ламаз оьцуш, йа фарз-лийчар тӀера доккхуш мlараш тlехь лак хилча цуьнан ламаз эцар нийса хуьлуш дац, иштта цуьнан фарз-лийчар а тlера долуш дац. Лак дlа даккха деза цо, цу буха хи кхачийта.
Иштта дакъа лийчош а, деригге дегlан тlе хи кхачийта дезаш ду иза марчонна юкъа хьарчийна дlа йоллале хьалха, цундела цуьнан маlарш тlехь лак хилча, йа тlе летийна маlарш хилча уьш дlа яха еза, иза лийчаяр нийса хилийта. МӀараш тlехь лак долуш, я тlе летийна мlараш йолуш цуьнан дакъа лийча дича и лийчаяр кхочуш лоруш дац, иштта хьолехь цунна докъа-ламаз дан а мегар дац.