Мамлайф
Мамлайф
Приложение для мам
Rashana

Таравихь ламаз дар зударшна: хьенан ламаз дича мегар ду?

Зударша таравихь ламаз дар⬇

Таравихь ламаз мархийн баттахь дар суннат долу ламаз ду. Божаршан суннат хиларе терра, зударшна а суннат ду таравихьш дар. Таравихь ламазан хан пхьуьйра ламаз динчул тlаьхьа lуьйра ламаз хан хиллалц йерг йу. Зударшна джамаlатехь дар суннат ду таравихь ламаз. Духар дерг, кхиндерг лардичхьана, маьждигехь дан а мегар ду, шай чохь таравихьаш деш божарий балахь царна тlаьхьа дlа хlиттана дан мегар ду, йа шай чохь зударша цхьана а кхетта джамаlатехь дан мегар ду. Гергар зударий вовшах кхетна дан а мегар ду чохь, йа хьуьжрехь цхьаьна а кхетна йижаршца деш далахьа мегар ду, йа лулахой шай джамаlат дlа хlоттийна зударша шаьшша чохь дан мегар ду, и суннат кхочушдарна царна йал а хир йу, ин шаа Аллахl. Шеца дlахотта джамаlат йацахь, зудчо ша цхьаммо дан а мегар ду, кхиндолу суннат ламаз санна, шеца шен нана йиша йоl йалахь уьш дlа хlиттийна а мегар ду. Вархl-бархl шо долу кlант шайна хьалха а воьлуьйтуш дан а мегар ду зударша джамаlатехь.