Мамлайф
Мамлайф
Приложение для мам
havi
havi
Мама двоих (4 года, 8 лет)

Лазийнарг дог дара.💔 Летта дов дацара, Герзан чов яцара – Хазийнарг дош дара. Лазийнарг дог дара...

Лазийнарг дог дара.💔

Летта дов дацара,

Герзан чов яцара –

Хазийнарг дош дара.

Лазийнарг дог дара...

Дуьхьал ца олуьйтуш,

Вадарх ца волуьйтуш,

Синметта кхийтира –

Кийрахь ов 1ийдира.

Ца тайнарг къахьделла,

Мархашца лахъелла,

Стигланаш йилхира,

Латтанаш лилхира...

Т1ебоьжнарг лам бара,

Байинарг чам бара,

Хазийнарг дош дара,

Лазийнарг дог дара...