Ассаламу lалайкум.
👤413-гlа Хаттар: Суннатехь нийса фарз лийчар тlера муха даккха деза дуьйцур дацара аша? Со кхоччуш кхетар а йолуш.
Ва Iалайкум ассалам ва рахьматуллахIи ва баракатухI!
✔Жоп:
➖1. Ният фарз личар тӀерадаккха.
➖2. Шен бехке меттиг юьлур ю.
➖3. Ши куьг дуьлур ду.
➖4. Ламаз оьцур ду.
➖5. Корта буьлур бу.
➖6. Аьтто агӀо юьлур ю.
➖7. Аьрро агӀо юьлур ю.
ссылка