_АллахӀан Элчано ﷺ аьлла:_
_«Боккъала а,АллахӀана кӀеда-мерза хилар деза, массо белхашкахь.»_
قال رسول الله ﷺ
«إِنَّ اللَّهَ يُحِبُّ الرِّفْقَ فِي الأَمْرِ كُلِّهِ.»
*Бухари:6395*
_Аллахlан Элчано ﷺ аьлла:_
_«Жабраил малико элира соьга:_
_«Хlай Мухьаммад,_ _хьайна ма-луъу ваха хьо, делахь а хьо лийр волуш ву хьуна._
_Хьайна луург веза а веза, делахь а хьо цунах къаьстар волуш ву хьуна._
_Хьайна лууш йолу lамал а йе ахьа, делахь а хьо цунна дуьхьалкхетар волуш ву хьуна»._
*Сахьихь ал-Жамиl: 4355*
_ӀабдуллахӀа_
_(АллахӀ реза_ _хуьлда цунна)_
дийцина:_
_АллахӀан Элчано ﷺ сан белшаш схьа а лаьцна элира:_
_«ХӀокху_ _дуьненахь кхечу махкара хийра стаг, йа некъахо волуш санна хилалахь»._
قال رسول الله ﷺ
«كُنْ فِي الدُّنْيَا كَأَنَّكَ غَرِيبٌ، أَوْ عَابِرُ سَبِيلٍ.»
*Бухари: 6416*