Хьоме вежарий, йижарий.
Доккха дехар ду: Ӏилма Ӏамош хила деза вай а, вай чохьберш а.
Ӏилма - хьуьжаршкахь дешар тӀехь чекхдолуш дац, нагахьсанна Къуран чура масалш схьаоьцуш дацахь, тафсир Ӏамош дацахь.
Ӏилманца, истори Ӏамо еза.
И шадериг БАККХИЙ ӀЕЛАМ НАХАЦА Ӏамо дезаш ду.
Блогерш Ӏилма долуш бац.
Нагахьсанна, хӀора стага шен чура дӀаволалуш хилахь, вайн ца гахь, вайн тӀаьхьенан ТОЛАМ гур бу.
Умматна нийса Ӏилма оьшу, оцу Ӏилма нийсачу некъа тӀе верза во, ткъа нийсачу некъа тӀехь хилча, бусалба неха барт хуьлу, барт хилча ницкъ хуьлу, ницкъ хилча толам хуьлу.
Вайна сихалло еза, вайна "результат" еза, амма Дала хаам бина, Шегара ГӀо маца хир ду, и гӀо хилийта "Шена гӀо де боху Цо, ткъа Шегара гӀо хир ду боху" (сурат Мухьаммад, 7 аят).
Цун гӀо дар - вай нисдаларца ду.
Вайн хьал вуно ирча ду. Вай тахана шадолу "дин" - хаза хиджаб, хаза маж, тоьлла цӀенош, духарш, даржанаш ду.
Вай статусш, вай даккхий къамелаш цхьа пайд бира бац Умматна.
доӀанаш де, дин Ӏамаде, къинош Ӏаддита, собаре хила.
Ларамца, @baqderg