
miskin..Быть мамой – тяжелый труд, но это огромное счастье и уникальный опыт, полный моментов, которые мы с нежностью храним в памяти и по которым рано или поздно будем скучать. ·Мама двоих (4 года, 13 лет)
Шена дарба дан стаг ца карош волчу умматан чевнашна воьлху со.
Шайн коьрте уьстагӀий хӀиттийна долчу лоьмийн умматан воьлху со.
ЖӀаьлех тешна долчу умматна воьлху со.
И жӀаьла шен хехо ду моьттуш долчу умматна воьлху со.
Шен хьалха хилла долу сий дицдина долчу умматна воьлху со.
Шен хьалха хилла йолу зама дагайогӀуш дац иза, цу умматан сий дайъича, цу умматца цхьа а вац-кх бала кхочуш...
Умматна воьлху со, шен цӀийш хӀорданашкахь охьаӀенна долчу, тӀаккха а шен охьаӀенаш долу цӀийшца бала кхочуш дац-кх иза...
Шен мостагӀчун гӀиллакхаш схьаэцна долчу умматна воьлху со.
АллахӀа хаьржина волу шен Пайхамаран гӀиллакхаш дицдинчу умматна воьлху со.
ХӀара хӀун зама ю? Вай шена чохь дехаш ерг, хӀара хӀун зама ю те?
ХӀара хӀун къонахалла ю?
ХӀара хӀун къонахалла ю те шен массо маьӀна вай дицдина йолу?!
ХӀай, Исламан уммат хьо самадала маца дагахь ду те?! Тхо а сама маца доху ахь?!