
daealhalimпогибший мечтатель.·Мама двоих (1 год, 2 года)
( БЕРА КХИО ЦА ЮЬТУ ) ⏬
Цхьана хенахь бусалба динехь дика кхиош долу бераш гича, ойла хуьлура хьан, хьайн доьзал хилча, айхьа а кхиор ду лоьмаш, Ислам-дин довзуьйтуш, Аллахlан дика лай бийр бу айхьа царах… Амма хан-зама дlа а яьлла, хьайн доьзал болабелча, гуттар а цхьамма новкъарло йо-кх хьуна уьш кхио ма-беззара кхио.
⬆️Кхузахь хьуна хьо евзинехь, тlаккха хlара къамел хьуна лерина ду, ехха хан чохь хьан ойла а йина, хьо дагахь а яьллина, хlинца хьоьга язъян сацам хилла сан.
Аллахlан дуьхьа суна дукхаезарг! Уггаре хьалха хьан догъэца лаьа суна, хьуна дагадаийтарца - кху дуьнен тlехь цхьа а адам дац хьуна хьан бер жима долуш, цунна тlеlаткъам бан хьайчул сов ницкъ кхочур болуш.
Хlаъ, цара эшарш летош, хелха а дуьйху бер, мультикаш хьежа охьа а хийшадо, телефон кера а лой, ловза а ловзуьйту,керста нехан дезденошкахь совгlаташ а до, хьуна мел ца дезнарг хьан берана lамош ду цара.
💡Сингаттаме ма хила хьо. Хьуна хаьий нанас шен доьзалхочунна дина доlа юхатухуш даций Дала?
✅Аллахlе деха хьайн бер иманехь кхиор, гондахьа болчу нахе и талха ца дайтар;
✅Кlеда-мерза хаийта гергарчарна хьо берана хьарам дерг lаморна реза цахилар;
✅Хьайн берана хьайгахь дика масал гайта;
✅Бер кхетаде мегаш доцург цамагийнарг хьо яций, Аллахl вуй;
✅Оьгlаза а ма эха, амма къар а ма ло;
✅Хьайн бераца хан яккха айххьа!
✅Хьайн ницкъ ца кхочу аьлла хетахь, ахь ала: «Ла хьавла ва ла къуввата илла биллахl»
Халонна тlаьххье атто ю хьуна!