Велха хьо, цуьнан п1елг лазийча вилхира и, нана еллачу хенахь а велхар, дедас элира, къонах велха веза
«Велха хьо»
П1елг лазийра кхуьнан. ХIара вилхира.
– Борз йоьлхуш ма ца хуьлу, – аьлла, кхуьнан куьг буйна лецира дедас.
Кхуьнан пхи шо хир дара х1етахь. Цул т1аьхьа, б1аьрхиш хилла, т1улг 1анабахча а, ша воьлхур вац моьттура кIантана.
Кхуьнан 15 шо дуьзча, нана лазаро лецира. Иза кхелхича, не1аре а х1оьттина, воьлхуш лаьттара х1ара. Верриг виега а веш. Саца а ца луш.
Х1ара къевллина мара а вуллуш:
– Велха хьо, велха, – элира дедас, – ненах хаьдча цавилхинарг къонах вац хьуна! Ненах вáлар дагадеъча, къена волу со хIинца а воьлху хьуна.
Luiza·
😢😢😢
❤️❤️❤️❤️❤️·
💔💔💔💔