ши бера хьуьжаре лелаш дара.. тlаьххьара 3-4 уроке и шиъ дахна дацара.. тlаккха аса ойла йира, кхи дlа айса lамийча ху дара техьа, ишта юкъар дийлита а ма ца лаьа суна аьлла..
нис и ойланаш сан коьртехь хьийзина, юкъе 5 минот ели, йоl йогlу суна тlе..
- медина, тхо уроке гlуш хlунда дац?
- асия, мединс кхи дlа шу шинна цlахь lамора ду, хlора денна дlа дийшале жим-жимма болх беш, хlума дийра ду вай, мегара дуй?
- со уроке ягlа лууш ма яра, со собар деш ма яра.. оха цхьанне ламазаш ма дора.. Аллахlан цlерш йуьйци, доlанаш дуьйци, седа а ма боккхура аса.. сан сай хьехархошна а са ма хьоьвзина.. кхи гlура яц со цига? кхи хаза lийра яц со сайца доьшуш болу йоlаршца?
Аллахlу Акбар.. цу беранна ма хаа, 4 шо бе доцуш, ша цигахь йолу денош муха лар да деза ша..
1 де юкъахь долуш хуьлу церан дарсаш.. цу денахь а хила езаш яра.. дарс йола яла йисина дукха хан а яцара, и хууш цо соьга и хаттар делира…
- дера ю, асия, яло схьа да хьай духар..
- тенга гlуш ду вай?
- доьшуче гlуш дукха (аьлла ела ели со)
- альхьамдулиЛлаьхl.. аса Аллахlе дийца ма дийцира сайна уроке яха лаьа аьлла.. (эли тlаккха асияс)
жимачу хенахь дуьйна lама де доьзална шай лаамаш Аллахlе бийца.. довзийта царна, царна луарг дала Аллахl бе цхьаа ца хилар.. цара наношка ца олург а, Аллахlе дуьйцара ду шуна тlаккха, церан дегнаш жимачу хенахь дуьйна хира ду шуна синтеме тlаккха.. шай дола деш, шаьш Кхоьллинарг Вуй хууш