доlанаш дечу хенахь бlаьргара оьху хиш совца ца лора, сан лаамехь а доцуш, шаьш lенара уьш..
асия (йоl) масийтуза чу еара, соьгара хьал а гой, ойлане йужий, ара йолура иза..
ткъа юха чу еачи кхи са а ца тоха делла, хаттар дели цо соьга:
- медин, хьуна ху хилла? хьо хlунда йоьлхуш ю?
- xlумма ца хилла суна, асия, са ма гатта де.. Аллахlе доlанаш деш яра со.. тlаккха елхар а ша нис делира..
асия, ахьа а деха Аллахlе хьайна деха луарг, вайшимма тахана доlанна де ду аьлла ца дийцира?!
дехьа яьлла, вахьа хиъна йолу асия аз схьа хеза-кх суна:
- йа Аллахl, са мама елха ма елхийта ахьа, суна иза дукха ма еза…