Вайн адам сингаттамехь ду, хIун дан деза? Аллахана те болх билла, собаре хила!
Милла бакъ велахь а, хьенна бехкенна делахь а - вайн адам сингаттамехь ду.
Варийлахь! Айхьа хӀора олуш долу дош ларделахь, элар-бахар бохуш долу къамелаш кӀезиг а деш, АллахӀе вайна толам а, машар а бехалахь.
ХӀокху халачу хеначохь, ахь айхьа АллахӀана тӀе болх биллахь, хьайн бусалба вежаршна а, йижаршна а оцуьнца весет дахь, хьо дика адам ду хьуна! Хьо АллахӀан гергахь тоьллачерах къонах ву хьуна! Ма хилалахь бусалба нехан гӀайгӀа сов яларгахь бахьан.
Собаре хилалаш, АллахӀ реза Волчу новкъахь бахьнаш лелош, Цунна тӀе болх билалаш!
Делан оьгӀазлонах а, питнах а хьалхавала бахьанаш леладе, АллахӀана тӀе болх била, собаре а хила.
Бакъ дац хьуна, сан Ваша, питнах кӀелхьаравала меттиг бац бохург!
Хьо АллахӀах кхера а велла, Цунна Цхьанна тӀе болх а биллина, ахь бахьанаш леладахь, АллахӀа Ша делла дош ду хьуна, Ша хьуна питнах, баланах, сингаттамах хьалхавала меттиг карор а бу, ца моьттучу агӀор рицкъ а лур ду аьлла!