Мамлайф
Мамлайф
Приложение для мам
Rashana

Как мамочкам справляться с ежедневными заботами?

Оха хlуъа леладахь а, хlокху доккхачу дуьненахь тхо миччанхьа гlахь а, тхан гlийлачу дегнашна синтем карор ма бац, уьш lийжачера совцура ма дац, тхан синошна паргlато карор ма яц, шаьш хlун дан деза ца хууш сахьийзачера совцура ма дац уьш, йа Аллахl, Хьуна генахь шаьш хиларо уьш къуьйлуш мел ду, Хьо реза Волчу хьолехь царна шаьш мел ца го..

Хьуна гергахь долчу шайн ирчачу хьоланна догуш долчу, шаьш мича аьккха ца хууш хьере долчу дегнашна бехьа синтем, йа Аллахl, боданера уьш схьаладахарца, серлоне уьш лакхадахарца, Хьайна герга уьш схьалаайъарца, Хьо реза Волчу хьолехь уьш латторца, Хьуна мел дезачу хlуманна тlехь Хьуна дуьхьала хитталца уьш чlагlдарца..

Хьоьга Цхьаьнга тийжа-кх уьш, йа Аллахl, Хьоьгара Цхьаьнгара сатуьйсу-кх цара, Хьо Цхьаъ Ву-кх оцу дегнаша лоьхуриг.. Гlо дехьа царна, аттабехьа царна Хьайна тlебоьду некъ..

Хьан Цхьаннийн неlаре хуьтту-кх уьш xlоразза а, Хьайн боккхачу къинхетамца, цlеначу безамца, шуьйрачу комаьршаллийца Ахь шаьш тlелоцург хиларх шаьш тешна а долуш.. оцу тешамех а, Хьоьх йолчу дикачу ойланах а, хазачу собарех а ма хададехьа уьш цкъа а.