Ас хьуна гечдир ду, хьо цунах кхетара вацахь а
Ирс хьуна доьхур ду, ахь ирсе со йина йацахь а
Дог хьуна д1алур ду, схьаъеци ц1а буйна лацахь и
Цо безам белхор бу, хьа безам дагара бацахь а
Ахь суна гечдир ду, къинхетаме вац ца алита
Со 1ехо г1уртур ву, ц1а мукъна со дохко йалита
Т1къа сох со хьоьжур йу, сай безам хьа дагах балита
Сай ирс а дуьтар ду, хьо ирсе дуьнен чохь вахита
Ас йечу г1айг1ана, цхьа к1езиг даькъа
Хьога д1а кхачийта, хьа сих и хьарчош
Со кхоьру даларна, и са хьа акха
Хьа б1аьрхиш кхачорна, са дог шайх кхардош..)