Mom.life
Амина
amm111
Амина
Девочки на чеченском цхьа до1 жар кху чу в прошлом году кхоьсссин, дех дар и, чох хаз, массу хум чулоцш дар и хинц дуй те цхьангехь? Вообще на чеченском до1анш даитиш долчо, 30 дуа из корана ду соьхь, вуьшт айса до1до ас дам, но ишт нохчи маттахь дег дехар сун
17.04.2023

Лучший комментарий

Комментарии

markha_
markha_
Йа Роббана х1ай Тха Дела! 1аламийн 1аламаш кхиош кхобуш волу комаьрша Эла! Хьай Возалли дуьхь, Хьай Комаьршалли дуьхь, Везан Дела тхан 1асалле ца хьожуш, Хьай комаьршалла сов яккхи, Хьай комаьршалле хьажи тхае до1ин жоп ло Ахь!!!
Йа Роббана х1ай тха Дела, Хьо цхьаъ винчарах делахь тхо, Элча(соллаллохIу IалайхIи васаллям) бакъвинчарах делахь тхо. Йа Аллах1 Хьо резавоцучу некъах ларделахь тхо, хьайц накъост лацарах гена дахалахь тхо! Везан Дела Хьай барх1и Ялсамани хьанал елахь тхун, Хьай ворх1и Жоьжаг1ати хьарам елахь тхун. Йа Аллах1 Дела коша 1азапах, жоьжаг1ати баланах ларделахь тхо! Йа Аллах1, дуьненна, къемата денна тха бусалба гергарлонаш ч1аг1де Ахь! Хьай дуьнене тхо 1еха ма дайта Ахь! Йа Аллах1 тха Нана Нохчийчоь Динах, Иманах, Шари1атах юзахь! Доцчуьнга Иман доссаде Ахь, долчуьнгахь Иман ч1аг1де Ахь! Хьай вазалли дуьхь, Йа Аллах1 хьай кхинхетаме са туьйсуш, дуьненахь балано, цамгаро лаьцна болу тха Бусалба Вежаршна, тха Бусалба Йижаршна маршал де Ахь! Массо бусалба адами дагахь мел долу дикниг кхочуш де Ахь, массо г1ониг д1адакх Ахь! Везан Дела хилларг х1ун ду ца хуаш докъуз байнчера билгалонаш гучуяхи Якъуба Пайхмаре (1алайх1и салям) Юсуп Пайхамар (1алайх1и салям) карина эл баькхина кхаъ боккхуш г1ийлачу Наной дегниш хьастахь! Везан Дела баг1а хьакъдоцуш цхьацца бахьанаш х1иттина оцу кериста мунепикъийн буйна бахана болу бусалба нах маьрша баха Ахь. Йа Аллах1 Г1азотехь кхелхина болу тха дай, вежарши,йижарши Г1азот къобал де Ахь! Йа Аллах1 х1ай тха Дела бакъо тола йе Ахь, харцо эша йе Ахь, хи буг1а баг1ана т1улг санна бид1аташ а, Пайхмаран (соллаллохIу IалайхIи васаллям) т1екхиллина харцонаш а къайла яха Ахь! Йа Аллах1 шовкъ марзо тха дегнех тохий, Хьой Хьа Пайхмари (соллаллохIу IалайхIи васаллям) хьехо мавеззари хьехавар ло Ахь тхуна! Йа Аллах1 дуьненахь а, къемата дийнахь а Хьай дикнах ца дохуш тхо декъал де Ахь! Йа Роббана тха Комаьрша ЭЛА вукх Хьо, тха Сийлахь ПАЧЧАХЬ вукх Хьо, тхуна деха цахаахь а, тхун х1ун оьшу, тхуна х1ун деза хууш тха Дела вукх Хьо! Везан Дела вовше массо дукхавезаш, массарна юккъе марзо таси цхьа барт бе Ахь тха. Йа Аллах1 Хьай кхинхетмах ма дахалахь тхо. Хьо бенна къинхетам ба Да вацун тха, Хьо бен деха Да вацун тха. Йа Аллах1 Хьа миска лайш дукх тхо, дуьненахь, къемата дийнахь декъал де Ахь тхо! Йа Роббана Ал-Г1офур вукх Хьо къиношна гечдеш верг вукх Хьо! Гечдехьа тхуна! Кхан дог1ар долчу къемата дийнахь йа Аллах1 Элчан (соллаллохIу IалайхIи васаллям) шафа1ат хирадолчарах делахь тхо! Йа Аллах1 Хьай юьхь гунйолчарах, Хьой гунволчарах, декъал хилчарах де Ахь тхо! Элчан (соллаллохIу IалайхIи васаллям) Умматах Хьай хазхинболу къинхетам бе Ахь! Тха т1еххьарлера дешнаш " Лаиллах1а иллалах1 Мухьаммадур-Расулуллохl " хилит Ахь, и дешнаш элчарах де Ахь тхо! Тхайна дукхавезаш волу тхайн б1аьрги Нур долу, тхайн дегнийн Марзо йолу тхай Мухьаммад Пайхмарца (соллаллохIу IалайхIи васаллям) Хьай ялсаманехь, Аль-Кавсар олуш долу хи йистехь г1овшах тоха Ахь тхо! Йа Аллах1 х1окх до1ина даггара АМИЙН элчунна Хьай ФИРДАУС Ялсаманиц бекхам бе Ахь!
Амийн Йа Робби! ВАЛЬХЬАМДУЛИЛЛАХ1И РОББИЛ 1АЛАМИЙН
17.04.2023 Нравится Ответить
amm111
amm111
Вааа хар даркх и
Аллах рез хийл хьунн❤❤❤
17.04.2023 Нравится Ответить
Читайте также