```بسم الله الرحمن الرحيم
Суннатера доццу "Лайлатул-къодар" буьйсанах дерг:
1 - Эззар беттан буьйсанел еза ю иза, lибадат дан.
2 - Рамадан бетта тlаьхьарчу итт буьйсанеха цхьаъ ю иза.
3 - Рамадан беттан тlаьхьара итте а буьйса ден йинарг, лайлатул-къодар буьйсана чохь нис луш ву.
4 - Ткъа и буьйса ден яран кеп ишт хир ю; ламаз дарций а, зикаруллохl Аллахl дукха хьеха варций а, къуръан дешарций а, масала, цхьа кхузза чекх даккха делча йоьххьера дуьйна чекх даллалца доккхуш, доlанаш дарций а, къаьсттина хlара доlа сов даккхарца, "Аллахlумма иннака lафуввун тухьиббулlафва фаlфу lанний" ( Йа АллахI, бакъдолуш, къинтIера волуш а ву Хьо, къинтIера валар дезаш а ву Хьо, къинтIера валахьа суна), ишт кхин дlа а дика lамалш ярца а хир ду.
5 - И итте буьйса ден ечуьна, йоккха ши lалашо хюла, Аллахlа, ша къинойх цlанваре а, жоьжахатенах кlелхьара ваккхаре а.
6 - Ламазан мегаш йоцучу зудчо а, ден ян йиш йолуш ю и буьйсанаш, ламаз доцург кхин дlа долу lибадат дарца, масала доlанаш дарца, къуръан дешарца, Аллахl дукха хьехорца.
7 - Шара чохь уггаре еза буьйса ю лайлатул-къодар буьйса, ткъа иза цу иттанах муьлха хилар билгала цадаран бахьана-хьикмат, цу итте буса а, дийнахь а ницкъ ма кхоччу Шена муьтlахь хиларехь адам сов далийта ду.
Аллахlан Элчано ﷺ аьлла:
"Аллахlах тешаш волуш, Цуьнгара хинйолучу йоле сатуьйсаш а волуш лайлатул-къодар буьйса ден йиначунна, дlа мел даханчу къиношна гечдийр ду".
(Бухари-Муслим)
Аллахlа массо а къинойх цlандарца гечдиначеха a, жоьжахатенах кlелхьара даьхначеха а дойла вай!
17 - Рамадан 1444
08 - Апрель 2023```