Ин ша Аллах1 собаре хир юкх...........🥀Аллах1 доьхьа собаре хилар🥀
Хьайн собаре хиларха Аллах1ера хьайна ял хуьлуш хиларах дог тешна а йолуш. Аллах1а кху дуьнен чохь х1ора а ву зуьш, делахь а,х1оранна шен-шена кепар хуьлу зер, иштта хьуна а нис делла хьайн кепар,амма муьлхха кепар шена зер нис делларг собаре чекх валар ду-кх коьрта дерг, Аллах1ера йоле са а туьйсуш,ша собаре ца хиларха а нис дала х1ума даци хууш, амма собаре хилча Аллах1ера шена ял хуьлий хууш,т1аккха Аллах1ан къинхетамах дог диллина а воцуш, ша дечу до1но муьлхха хена хьал хийца йиш юй дог тешна волуш,иштта чекх довла дезаш ду вай т1е беъначу баланах. Иштта хьал нис далар хила а тарло-кх, Делера хьуна совг1ат, и ялсаман яккха-м цхьана кепар 1амалш а, цхьана кепар зерш ларах а чекха довла дезаш ма дай вай, т1аккха и зерш х1оранна бес-бесар нис лохь а, х1оранна хета шегар дерг хала а, деза а, ткъа хьуна нис делларг а ду хьай кепар, иза хила тарло-кх Аллах1а хьоьга ял яккхита т1е тесна бала, цундела, собарца чекх яла йиша муьлхочу хьолехь...