Мамлайф
Мамлайф
Приложение для мам
милена
милена
Мама дочки-младенца

Как лечить глаз у ребенка: народные методы или к врачу?

Ассаламу Алайкум. Беран бIаьрг хилча цун дарбана, йа бIаьрг хилле и цахилийта худа деза?

•

ваIалайкумуссаламу варахьматуллахIи вабаракатухI

Берана бIаьрг хилле, и бIаьрг хиларах лардеш а, йа цун бIаьрг хилча, цунна цух дарба деш а рукъиййаташ деша деза. Пайхамара (АллахIера салават а, маршо а хуьлда цунна) Iалийн шина кIантана хьасанан а, хьусайнан а (Аллахl реза хуьлда царна) ма-дешшара.

Ибну Iаббасах (Аллахl реза хуьлда цунна) дийцинчу хьадийсехь, Пайхамара (АллахIера салават а, маршо а хуьлда цунна) хьасане, хьусайне аьлла: «Шушина дас (шушина дайшха волу ИброхIиймас) исмаIийлана а, исхьакъна а дешар иза: "аIуузу бикалимаатиллаахIит-тааммахI, мин кулли шайтIаанин ва хIааммахI, ва мин кулли Iайнин лааммахI."» [Бухарис дийцна иза]

Цу дешнийн маьIна: Со ларло, АллахIан кхоччуш долчу дешнашца (Къуръанца), массо шайтIанах а, дIевшечух а, иштта, хIора вон хьожучу (зенечу) бIаьргах а.

Иштта, сурат ал-фатихьат а, сурат ал-фалакъ, ан-нас а иштта кхидолу суннатехь дехкина рукъиййаташ а деша деза берана тIе куьг диллина, тIе Iа кхоьтуьйтуш.

Коьртаниг дуккха рукъиййаташ дешар дац, и дика далахь а. Ткъа коьртаниг рукъиййаташ доьшучун дегатешам цIена хилар а, ша доьшург хIуду хууш хилар а ду. Диканиг тIедаийтар а, вониг дIахьовзор а АллахIехь дуй хууш, дарба АллахIера дуй хууш, АллахIан тIе тевжуш, Цуьнгар дарбане сатуьйсуш дешар ду коьртаниг. Вай #Хаттар20 жоьпехь хьаха ма-дарра.

Ткъа дика хууш верг АллахI ву.