Мамлайф
Мамлайф
Приложение для мам
Yisita
Yisita
Мама двоих (2 года, 4 года), ждёт третьего

Нана, со сагатдина дог1у, хьо йоцуш йисина дахар, дог ловзуш, ц1а йог1ур яц йо1

Нана, со йуха а йеана хьан коше,

Даьсса карийча хьо чохь 1ийна ц1а,

Хьох дагаяла, ладог1а хьан даше,

Массарел гергара хьо яра сан.

Новкъаца, некъаца хьеелла йог1уш,

Геннара къаьстара хьан догу кор,

Ирсе суо хетара, ладоьг1уш хьо йолуш,

Хьуна-м со хетара хьайн деган лор.

Хьайн б1аьргашчухула х1ара дуьне гайтина,

Суна беш бода уьш хьабби ахь д1а,

Сан дагчохь хьайн сибат дагош ц1е латийна,

Х1усамехь дити ахь и шийла 1а.

Шо дузуш йух-йуха дог1ур ду шийла

Шийттолг1а бетта ворх1олг1а де,

Нана, ас сагатдийра ду хийла

Йан боцуш йисарна некъ хьуна т1е.

Генна д1аяханчу новкъа б1ерг бетташ,

Кхин к1ет1ахь 1ийра яц хьо х1оттийна г1ант,

Хьо шега ладоьг1уш, 1аш хир ю моьттуш,

Дог ловза дуьйлуш - ц1а йог1ур яц йо1.

Комментарии

taitai

Tai

Мама двоих (6 лет, 9 лет)

😢😢😢

Отметок «Нравится»: 0