ХӀусамдех тешар.
Даханчу бӀешерийн дезткъе уьтталгӀа шеран чаккхенехь Детройтехь электрическин компанехь болх беш хилла къона механик кӀирнах 11 доллар а доккхуш. Дийнахь итт сахьтехь къахьегар цо, ткъа цӀа веача , дукха хьолахь божал чохь ахбуьйса дӀайаллалц болх бора цо, керла двигатель йукъайаккха гӀерташ.
Цуьнан дена къоначу кӀанта эрна хан йойъу олий хетара, лулахоша хьераваьлла ву алара, цхьа а ца тешара цо лелочух цхьаъ хир ду аьлла — цхьа пайде дерг. Цхьа а ца тешара, цуьнан хӀусамнана бен.
Цо гӀо дора цунна буьйсанна болх бан, масех сахьтехь цуьнан коьрта тӀехула мехкадаьттан чиркх а лоций. Куьйгаш сенлой, шелонна цергаш тӀеттӀа йаьтталуш, иштта шеллора и. Амма и чӀогӀа тешара шен хӀусамдех. Цхьа шераш дӀадевлча, божал чура цхьа гӀовгӀа йаьлла. Лулахошна гина некъахь говр а йоцуш, цхьана вордан чохь хьераваьлларг а (механик), цуьнан хӀусамнана а догӀуш. Цу тамашийначу стеган цӀе Генри Форд хилла.
Фордера интервью оьцуш волчу цхьана журналисто хаьттина, кхечу дахарехь мила хила луура дара хьуна, аьлла. Хьекъалчо атта жоп делла: «Милла а, коьртаниг, сан хӀусамнана суна йуххехь хилчахьана».
(гоч)
Марж Генри я1! Ша дика х1усамда хилла хира ву и оцу зудчуьнна)))