Делах кхерар муьлхачу халонах а кIелхьаравоккхуш ду, ибн Джавзийса дийцар
ибн Джавзийса (АллахӀа къинхетам бойла цунах) аьлла:
Цхьа хала хьал хIоьттинера соьга, даим гIайгIане, сингаттамехь латтош вара цо со. Дукха ойла йинера аса, и гIайгIанаш, сингаттамаш хIун дича дIа бевра бара-техьа бохуш, цхьа а некъ карош бацара суна. Эххар а хIокху аятан тIе нисвелира со – «АллахIах кхоьручунна муьлххачу а халонах кӀелхьаравалар ло Цо», – аьлла долу. ТIаккха суна хиира, Делах кхерар – иза муьлхха а сингаттамах кIелхьаравоккхуш бахьана дуй. ТIаккха и Делах кхерар кхочушдан сан Iалашо кхолла ма-елли кӀелхьаравалар а карийра суна.
Сойдуль-ХотIыр, агӏо 204
АЛЛАХ1о муьлха хьолехь хьалх вокх,бокьала цуьнг вай кхайкхич ❤️🩹