m))
diisimpson
m))·Мама троих детей

Ахь суна ца дити дог а хьайх дилла, шек ю со, х1унда хьох ца теша, гуьйренан хелхарехь б1аьрхийн 1ийжам?

post image

Ахь суна ца дити дог а хьайх дилла,

Шек ю со, и цкъа а сайн хиллий теша.

Б1аьрзениг 1емачохь шена некъ билла,

Х1унда ца 1емира со хьох ца теша.

Гуьйренан т1аьххьарчу хелхарехь хьийзаш,

Дашо г1аш оьгучохь сан кераюккъе,

Хьуна ца гира-кха сан б1аьрхийн 1ийжам,

Хьан шело т1есерсаш сенъелчу юьхь т1ехь.

Хала а, атта а лайна дерг лайна,

Юха а, т1аккха а со сайх цецъюьйлу.

Дерриге даьллехь а даьгна, д1адайна,

Х1унда хьан ц1арца сан дог самадуьйлу?

27.09.2022
3

Комментариев ещё никто не написал.