Йо1ри сун суннат ламазш мух да дез, хор ламазан хьалха и после мел суннат да дез яз дир дари аш? Кому не сложно и время есть. И ният мух до аша
✔ ДИЙНАХЬ-БУСА ДЕШ ДОЛУ СУННАТ-ЛАМАЗАШ
1⃣➖«Раватиб» суннат-ламазаш.
Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) аьлла:
«Ислам дин лелош волучу муьлххачу АллахIан лайна, шен лаамехь парз-ламазел а сов хIора дийнахь шийтта ракаIат ламаз деш волучу, билггала цIено дугIур ду АллахIа Ялсаманехь»
🔹– Делкъа-ламазал хьалхара диъ ракаIат, цунна тIаьхьара шиъ.
🔹– МаьркIаж-ламазана тIаьхьара ши ракаIат.
🔹– Пхьуьйра-ламазана тIаьхьара ши ракаIат.
🔹– Iуьйра-ламазал хьалхара ши ракаIат.
🔷• Сан лараме ваша! Ткъа хьо шовкъе хIунда вац-те Ялсаманерачу хIусаме?! Ларре-лардеш хила хьо Пайхамаран хIара суннат, парз доцург шийтта (12) ракаIат ламаз а де ахьа.
2⃣. ➖ Духьа -ламаз.
Духьа-ламаз кхо бIе кхузткъа (360) сагIин метта нислуш ду. Муха нисло аьлча: адамийн дегIехь 360 хуттарг ю, оцу хуттаргех хIора даьIахк а сагIане хьашт ю, денна цунна тIера ахьа доккхуш долучу.
И сагIа – шукар ду, Дала хьайна деллачу оцу ниIматна ахьа деш долу. Ткъа оцу дерригенан а метта хIуттуш ду духьа-ламазах ахьа деш долу ши ракаIат.
Оцу шина ракаIатан пайданаш Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) дийцина:
«ХIора дийнахь а Iуьйре хиларца шух хIора а сагIа дала дезаш ву, шен дегIана тIехь хуттаргаш йоллучул. ХIора «СубхьаналлохI» дош алар - сагIа ду, хIора «АльхьамдулиллахI» дош алар - сагIа ду, хIора «ЛаилахIа иллаллохI» дош алар - сагIа ду, хIора «АллохIу Акбар» дош алар - сагIа ду, диканна тIехьоьгIуш омра дар - сагIа ду, вочух сацор - сагIа ду, амма оцу дерригенан а метта хIутту Iуьйренан ши ракаIат ламаз»
Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) аьлла:
«Сан доттагIчо (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) весет дина соьга - хIора баттахь кхаа дийнахь марха кхабарца, ши ракаIат духьа-ламаз дарца, со дIавижале хьалха витар-ламаз дарца»
Цуьнан хан дIайолало малх схьакхеттачул тIаьхьа ткъа (20) минот яьлча, делкъа-ламазан хан хилале хьалха ткъа (20) минот йиссалц.
Духьа-ламаз дар уггаре дезах хуьлуш йолу хан - малх чIоггIа бохбелла йолу хан ю.
Цуьнан уггаре лахарниг - ши (2) ракаIат ду.
Цуьнан уггаре дукхах дерг - бархI (8) ракаIат ду, цхьаболчара дукхаллин хадийна барам бац аьлла .
3⃣➖ Малхбуза-ламазан суннат.
Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) аьлла:
«АллахIа къинхетам бойла стагах, малхбуза-ламазал хьалхара диъ ракаIат ламаз диначу»
4⃣➖ МаьркIаж-ламазан суннат.
Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) аьлла:
«МаьркIаж-ламазал хьалхара ши ракаIат ламаз де, кхоалгIа тIе а тухуш, и дан луучо» (Бухари).
5⃣ ➖ Пхьуьйра-ламазан суннат.
Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) аьлла:
«ХIора шина моллалла кхайкхарна юккъехь ламаз ду. ХIора шина моллалла кхайкхарна юккъехь ламаз ду. ХIора шина моллалла кхайкхарна юккъехь – ламаз ду...». КхоалгIа тIе а тухуш: «...и дан лууш волучунна» Нававис аьлла:
«Шина моллалла кхайкхарах» лууш дерг - моллалла кхайкхар а, къамат дар а ду»
@makka1111 включи там пункт про ракааты,сказали что тогда и ракааты суннат намазов показывает
@makka1111 а еще можешь вывести на главный экран времена намазов через виджет,очень удобно
@askhabova, все, установила, ближе к намазу посмотрю придёт ли уведомление. Дела реза хийл🤍
Там ты можешь включить уведомление,когда наступит время намаза,тебе придет уведомление и о суннат намазах тоже каждый раз
@sabr16 я помню раньше там в настройках можно было включить это,но щас только Духьа намаз там нашла
@askhabova в настройках когда вкл количество ракаатов показывает и суна,ну у меня показывает, не знаю из-за этого или нет