Мамлайф
Мамлайф
Приложение для мам
Дездемона
Дездемона
Мама сына (1 год)

Что происходит с Дадой?

Дада

Бежанаш оьзна со яьлча, уьш д1алахка Дада воьдура...Жимма вола а луш, ша воьду, хьан г1уллакхаш дукха ду олий бехказло а хьовзайора пекъаро...

Гуьйренан йочанаш юьйлаелча, мелла а хьелора Дада чуван...чай кхехкон а,хьокхам батта а ларайора со и схьакхачале.

- Хьо ма хьевели? - олуш, дуьхьалйолучу суна х1оразза а:

- Хьажал, ас хьайна х1ун еана? - олий, кисанашкара б1араш хьаладохура Дадас. Б1араш цкъа суна гайта а гойтий, со царах х1оразза а г1адъяхча, пеша хьалха а хуий, ша кегдора уьш..."х1ара т1ум а якъаялаза ю хьуна...х1ара а т1еда ю...хьажал, х1ара мел хаза схьаели.." - бохуш...

Дукха хан ю цу пеша хьалха со ца хьийза а...Дада воцу а...и пеш юй а ца хаьа х1инца...

Амма х1оразза а гуьйренан йочано эгийна б1араш гича, пеша хьалха 1аш хилла воккхастаг х1утту б1аьргаш хьалха...

Ма доккха ши миска хилла-кх тхойшиъ..."Хьо ма хьевели?" - дуьхьалъяла со хиларх воккхавеш хан яхана цуьнан а, цо сайн дуьхьа гулдинчу б1арех г1адъоьхуш хене со а йийлина...

Т1аккха а...миска а ца хилла-кх тхойшиъ...дуьненчохь ша т1аьххьара даьхначу сахьташкахь а цо со лехна, кху ткъа шарахь "Дада" аьлла ша хьахавелча, хазахетар бен, халахета дагалаца х1ума цо суна а ца дитина...

Нус хилла цунна хьалха хьийза ирс хиллачу суна дика да хилира Дадех...хийла сайна хилла цатам цуьнан дуьхьа ас а хьулбира...

Иштта д1аяхар-кха и хан...ша кегдечу б1арашца Дадас сан хораман шеддаш а дашош, баркаллица и т1амарш юучу ас цунна синтем а луш...сайн къина и бехке ца хиларна даре а деш...)

13

Комментарии

_exclusive_

Фатима

Мама троих детей

мА шаа Аллах1 🤲 мА шаа Аллах1

Отметок «Нравится»: 1
_exclusive_

Фатима

Мама троих детей

Ма даггахь кхетш язина ахь, я тоже очень люблю своего папу, так как своего я рано потеряла, он мой большой помощник

Отметок «Нравится»: 2
amina_007

Дездемона

Мама сына (1 год)

Ас яззин Яц текст. Ч1ог1 Хаз ел скопировать йинер ас. Елхар даитакх цо сун.

Отметок «Нравится»: 0
_exclusive_

Фатима

Мама троих детей

@amina007 даа((( марда ма оьш,марнана ма оьш❤️ уьш щай ца хилчи Бен кхетар вац

Отметок «Нравится»: 2
happiness__

❣️

🥺🥺🥺🖤

Отметок «Нравится»: 1
zmsh

Мета

Ма хаза, доггаха, ц1еначу нохчийн маттахь яздина и мог1анаш

Отметок «Нравится»: 3
zmsh

Мета

Суна сайн деда дагавеара

Отметок «Нравится»: 0
liza111123

Лиза 787 ------

Мама четверых детей

😭

Отметок «Нравится»: 0
malika_moka

Mалика

Мама четверых детей

😢😢😢

Отметок «Нравится»: 0
umm.aliya

Um Abdullah

Мама троих детей

💔

Отметок «Нравится»: 0
dinan23

💕

Ма Ч1ог1 хорам беан сун и еша ешна😢

Отметок «Нравится»: 1
amina_007

Дездемона

Мама сына (1 год)

Тоже самое. И хаза хет чу кхоьсснер ас. До слез прям

Отметок «Нравится»: 0