Mom.life
hava.dishni•••Дизайнер
hava.dishni_dizayner
hava.dishni•••Дизайнер·Мама троих детей
post image

Хlокху сан дагца ахь биначу тlам тlехь,

Баьккхинчу толамна луш хилча дарж,

Оцу хьан сийлаллин лекхачу лам тlехь,

Гур йара цlен дешех кхелина таж.

Сан деган тийналла йохоран эпсар,

Эхl, ма кайели хьан цу къийсамехь!

Ас йухадерзадо сайн синан эскарш,

Ас буржалш туху-кха сатийсамех.

Ас йухаберзабо тешаман дошлой,

Цхьа герз ца кхуссуьйтуш кху боламехь.

Амма ас тlаьххьара хьуна сайн дош ло,

Хьо хир ву эшнаверг хьайн толамехь!

14.03.2022
5

Лучший комментарий

Комментарии

defectologist.gr
Азизова Макка·Мама троих детей

😻чьё стихотворение?

14.03.2022 Нравится Ответить
Читайте также