Хьо лоьхуш рицкъа ду! Шайх СаIид ал-Iатийкъ - рицкъанах лаьцна
✍ Шайх СаIд ал-Iатийкъ (АллахIа lалаш войла и):
Хьан рицкъано хьо лоьхуш ву!
Кхера хIунда кхоьру хьо, рицкъан сагаттадеш, хьан рицкъ а, сан рицкъ а, вай ненан кийрахь долуш дIайаздина хилча? Рицкъан сагаттадеш кхера хIунда кхоьру, вайн рицкъ латтош верг АллахI хилча? АллахIа Шен ниIматашца хьо кхиош кхобуш хилча. Хьо хьайн ненан кийрахь волуш хьуна и рицкъ латтош ма вара И АллахI. Ткъа хьо дуьненчу ваьлла, хьан кхоллар кхочуш хилла, хIокху латта тIехь массо агIор хьо дIалелош хилча, АллахIа хьайн рицкъ сацор ду аьлла хета хьуна? Билггала хьоьга валар кхочур долуш хиларе терра, хьан рицкъ а ду хьоьга схьакхочур долуш. Тlаккха са хlунда гаттадо, хьан рицкъ хьоьга схьакхочур долуш ма ду, хьо миччахь велахь а, ахь цхьа кIеззиг бахьана лелийчахьана. Цундела синтеме хила хьо.