Са хьоме Нана, сай дагахь дерг хьоьг дийца йиш ца хиларна, басса бо ас сай кийра йозане далхийна. Са хьоме Нана хьа цхьаъ бен йоцу йо1 ю йаларна, йисарна юькъахь йолчу кирткан, амма Аллах1ан бен ца хаъ муха яздина ду дахаран йоза. Нана ца кхоьру со сай дахарех, кхоьру со хьай цхьаъ бен йоцу йо1ан даиман йолхш хьо йисарна, са хьоме Нана дахаран некъ са хада йазабинехь доьзалхо дуьненчу воккхуш, доьху хьоьга са шин к1ента доьхь собаре хилалахь. Са к1ант тилла ц1е хьуна т1е дуьллу хьуна ас. Са дуьненчохь волу Имрани дог къаьстан хьасталахь са хьоме Нана. Со санна езаш хьо бен яц хьуна цуьн. Ч1ог1а сатеснер ас со х1окх чу кхачале весетан кехат яза да. Амма даго ца йитир и яздайта. Т1аьххьао со новкъ яккха хьай дезар делахь, собаре хили са хьоме Нана са шин бери дог ма дохадайталахь цхьанге, ас дукха са тийсин доьзал бу уьш. Са дукх ч1ог1 гатта дарна сих сих хьа з1ене йийларо кхиъ ч1ог1 дог 1овжадо са х1у хир ду Аллах1ан бен ца хуъш. Ма ч1ог1 сатуьйсукх ас диканца сихха х1окху балех сой хьалха йаккхаре. Ма елаш цхьаммо коментариш. Сай доьлх дог ду ас даьстинарг. Дала вай наной, доьзаллий доьхь даха дойла вай🤲