Мамлайф
Мамлайф
Приложение для мам
🪷ImSaRa_desing
🪷ImSaRa_desing
Мама двоих (2 года, 3 года)

Ахь бехке ма елахь со, Замано хьайн дог ца хьастахь, Ахь бехке ма елахь со, Сан амат хьайха ца…

Ахь бехке ма елахь со,

Замано хьайн дог ца хьастахь,

Ахь бехке ма елахь со,

Сан амат хьайха ца къастахь.

Ахь бехке ма елахь со,

Ма-хетта ца нислахь вахар,

Ахь бехке ма елахь со,

Иштта ду-кх дахар.

Юха ма кхайкхалахь соь,

Ас дог хьоьх диллинчу хенахь,

Ас юха доьхур дац хьоь,

Набарха довланза г|енаш.

Хьо юхавирзича ц|а,

Ца лууш соьца хьо ваха,

Ас хьоьга туьйсур дац са,

Иштта ду-кх дахар.🤍