Сан ши куьйг к1ад лур дац Хьо кара лаца, Лазийча,вилхича - Кийча ду хьо хьаста.
Сан ши куьйг к1ад лур дац
Хьо кара лаца,
Лазийча,вилхича -
Кийча ду хьо хьаста.
Хьан саде1ар ладег1а
К1ордор дац цкъа а.
Хьан велар а иштта,
Диц лур дац суна.
Хенаш д1ауьдар ю
Хьо воккха хуьлар ву.
Ас хьоьхуш нийса некъ -
Хьуна д1агойтар бу.
Дахаран некъаш тайп - тайпа хира ду.
Церан шолхе йоьйза,
Хийла когаш ахь беттар бу.
Ткъа мацца а нийсо - хьуна карор ю.
Умм.Абдуррохьман..