ام خير الله
miskin
ام خير الله·Мама двоих (5 лет, 14 лет)

Какие молитвы возносит верующий к Аллаху?

Я Аллах1 везан Дела, хьайн возаллин дуьхьа, хьайн сийлаллин дуьхьа, элчанан доьзал дуьхьа, элчанан Асхьабийн дуьхьа, я Аллах1 везан Дела, тхан фарзаш къобалделахь, тхан суннаташ къобалделахь, Мохьмадан умматан гечделахь, тхо Мохьмадан умматах делахь!!

Тхан дайшна а, наношна а гечделахь.

Я Аллах1, хьо бен деха воцуш, хьо бен дехча дала воцуш, хьан г1ийла лайш ду -кх тхо. Тхан 1асаллига ца хьожуш, тхан г1ийлаллига хьажалахь. Хьайний, хьайн элчанний гергахь, тхо декъал делахь. Тхан далар иманца делахь, садалар собарца хилийталахь.

Ламаз-мархий марзделахь, хьекъал, кхетам, доьналла а, ирс аьтто болуш, дахар лолахь. Юьхь1аьржонах, зенах-зуламах ларделахь.

Я раббий, я Аллах1, и ца духу долу иман лолахь тхуна. Жоьжаг1атех ларделахь тхо, ялсаманан хьеший делахь тхо. Вовшийн дезар - дашар а лолахь тхуна. Кошан 1азапах ларделахь тхо.

Я раббий, я Аллах1, тхан дагахь дерг кхочушделахь!!

Дагчохь куралла елахь - куралла а, хьаг1 - гамо елахь -иза а, тхан дег1ехь, коьртехь йолу вон ойланаш д1аяхий, хаза ц1ена бусулба ойла тасалахь.

Де дийне мел долу, иман ч1аг1делахь, къоран марзделахь, хьо реза воцчу новкъа т1ера, хьо реза волчу новкъа дахалахь, я раббий, я Аллах1!!

Г1ийлачу, мискачу нахана г1о дан ницкъ лолахь. Хьо везар, хьо хьехор дагчуьра д1а ма даккхалахь.!!

Оха мел лелош дерг, хьайн дуьхьа делахь, къобал делахь!!

Цомгуш болчу тхан бусулба йижаршна -вежаршна г1оле елахь, маршалла делахь!!

Хьарам рицкъанах ларделахь, хьаналчунна т1екхиаделахь. Хьо вицвеш вон-дика а ма лолахь!!

Суьртан т1айх дехьа а девлла, "Алхьамдулиллах1" бохучу, 1аьржачу 1индаг1ехь хиллачу тобанах делахь тхо!!

Къематдийнахь хьо гур волчу тобанах делахь тхо!!

Тхан дайшна-наношна а гечделахь, тхо Фирдовс ялсаманехь цхьанатохалахь, я раббий, я Аллах1!!

🤍🤍🤍🤍🤍🤍🤍🤍🤍🤍🤍🤍🤍🤍🤍🤍

19.07.2021
161

Комментарии

tajmashanovazura97
zura·Мама подростка

А как сохранить ее у себя?

03.01.2022 Нравится Ответить
miskin
ام خير الله·Мама двоих (5 лет, 14 лет)

Скапируя

03.01.2022 Нравится Ответить
tajmashanovazura97
zura·Мама подростка

Амин йа Аллах1.Вай дела рези хиллина хьуна х1ар яздарна.

03.01.2022 Нравится Ответить
rlisaeva88
04.12.04.__·Мама четверых детей

Амин йа Аллах1

19.07.2021 Нравится Ответить
maryam__97
Марьям Умм ХайруЛлах1·Многодетная мама (6 детей)

Амин Йа Аллах1 ❤🤲

19.07.2021 Нравится Ответить
marha990
Marha ·Мама троих детей

Амин Йа Аллах1 🤍

19.07.2021 Нравится Ответить