Фольклорах таръеш
1уьйре кхаччалц даха боху
Суьйре яли кхалха боху
Тхо цадезач керста наха
Кху дуьненах довла боху.
Юург шайна йита боху
Юхург шайна еза боху
Дала делла кху дуьненахь
Шаьш бен даха хьакъ дац боху.
Къаьмниш совнах девла боху
Латте кхаба цало боху
Кху дуьненахь дела велахь
Деланиш шаьш хирду боху.
Кхоллам шайгахь хирбу боху
Шаьш доцуриш лайш ду боху
Шаьш Дуьненахь ваха витнарг
Шайна ваца хьакъ ву боху.
АЛЛАХ1-ДЕЛИ доьху хьоьга
Са ца доьху, мохк ца боьху
Шайха Дела тарбелчарна
Хьай оьг1азло гайтар доьху.
АЛЛАХ1-ДЕЛИ юха а доьху
Хьуо цхьаъ винчу мисканашна
Дуьне даъа цадитанчу
Хьай диканца эхарт лолахь.
Зубайраев Хьамзат.
5.07.2021ш.