Мамлайф
Мамлайф
Приложение для мам
Eva_28

Фольклорах таръеш 1уьйре кхаччалц даха боху Суьйре яли кхалха боху Тхо цадезач керста наха Кху дуьненах довла боху.

Фольклорах таръеш

1уьйре кхаччалц даха боху

Суьйре яли кхалха боху

Тхо цадезач керста наха

Кху дуьненах довла боху.

Юург шайна йита боху

Юхург шайна еза боху

Дала делла кху дуьненахь

Шаьш бен даха хьакъ дац боху.

Къаьмниш совнах девла боху

Латте кхаба цало боху

Кху дуьненахь дела велахь

Деланиш шаьш хирду боху.

Кхоллам шайгахь хирбу боху

Шаьш доцуриш лайш ду боху

Шаьш Дуьненахь ваха витнарг

Шайна ваца хьакъ ву боху.

АЛЛАХ1-ДЕЛИ доьху хьоьга

Са ца доьху, мохк ца боьху

Шайха Дела тарбелчарна

Хьай оьг1азло гайтар доьху.

АЛЛАХ1-ДЕЛИ юха а доьху

Хьуо цхьаъ винчу мисканашна

Дуьне даъа цадитанчу

Хьай диканца эхарт лолахь.

Зубайраев Хьамзат.

5.07.2021ш.

Инна лиЛлях1и ва инна илайх1и роджи1ун💔 Аллах1о язин хила,хьа рицкъ кху дуьненчохь ца хилар.. Цо делчун со рез юкх…

Инна лиЛлях1и ва инна илайх1и роджи1ун💔 Аллах1о язин хила,хьа рицкъ кху дуьненчохь ца хилар.. Цо делчун со рез юкх АльхьамдулиЛлах1💔 Ялсманехь г1овшах тохар дукх цо вайшиъ,хьан Да,хьа Йижри хьоц💔иншааЛлах1 Мами к1ант Мухьаммад💔 20.05.22💔

Как пережить потерю ребенка? История матери, которая верит в Аллаха

Тха Нанс,тха йижарш дов до сун ас постоянно и к1ант вуьйц бохш, бер могш хилчан беъ дац бохш,цундер кху чохь шуьг дуьйцар ду ас🫣ва Везан Дел и сун сан и к1ант везш цхьаъ юй теш кху чохь,ма ч1ох Аллах1е воьх ас и сайн😔вайн йиснаг кху дуьненчохь мел хан юъ ца хаъ,ху хир дуъ ца хуъш дуьне ду х1ар,но все равно ма ч1ох лаьаркх сун и к1ант волш йол хан ощутить я😔