Ма тамашийна а ду-кха хьо, адам, Хьан Веза Кхоллархо виц вина ахь, Хьайн Делан меттана хоттийна лаам, Дакъаза хьо…
Ма тамашийна а ду-кха хьо, адам,
Хьан Веза Кхоллархо виц вина ахь,
Хьайн Делан меттана хоттийна лаам,
Дакъаза хьо воккху,бина ахь мах.
Ца доьшуш дитина дуй техьа жайна,
Хьекъале хьуо хеташ, куралла йо.
Ткъа Дала доссийнарг кхоьссина гена,
Хирдолчу дахаран ахь эшам бо.
Семдала, хIай, адам! Ма дисса т1аьхьа!
Коьртаниг ма дац хьан т1оьхлура сурт.
Iожалло ца хоьтту, хьо меллалц веха,
Къаналлийн лерина дац хьуна чурт.
#запискиИзПрошлого