Мамлайф
Мамлайф
Приложение для мам
إيمان

Дуьненчуьра уггаре а хаза зуда - хьо иза ю я яц хаьий хьуна?

​​Дуьненчуьра уггаре а хаза зуда - хьо иза ю я яц хаьий хьуна?

Зудчуьнан хазалла кхаа кепара ю:

1. Стеган дагна бен ца гуш йолу хазалла.

2. БIаьргашна гахь а, дагна хаа ца луш йолу хазалла.

3. Зудчо шен хазаллин ечу тергоне хьаьжжина - хазлуш а, терго ца еш йитаре хьаьжжина - эшаме йоьдуш а йолу хазалла.

Зударийн дегнаш кхаа тайпана ду:

1. Стеган хьекъал Iалашо лаьцнарш.

2. Стеган киса Iалашо лаьцнарш.

3. Муьлххачу а стагана схьаделладелларш.

Зударирйн хьекъал деа тайпана ду:

1. Ойла а еш, гIуллакхаш ден хьекъал.

2. Ойла а еш, хIумма а ца ден хьекъал.

3. Ша дийриг ойла а ца еш ден хьекъал.

4. Я ойла а ца еш, я хIумма а ца ден хьекъал.

Жималлехь шен хазаллин заза Делах кхераран хазалло дIадаьхьна хилла йолучу цхьана къеначу зудчуьнга хаьттина хилла:

«Муьлха басар-пударан гIирсаш лелабора ахьа - хьо кечлучу, хазлучу хенахь?».

Цо жоп делла:

«Сайн балдашна – нийсо, бакъо. Сайн озана – АллахI хьехор. Сайн шина бIаьрганна – къинхетам, доглазар. Сайн шина куьйганна – диканиг дар. Сайн когашна – цIаналла, бакъхьаралла. Сайн дагна – АллахI везар».

Гочдинарг: Турпалан кIант Фарукъ