Мамлайф
Мамлайф
Приложение для мам
Умм Зайд

Духьа ламаз диц ма де☀ ▪ Абу Бурайдата (АллахI реза хуьлда цунна) аьлла: “Суна хезира АллахIан…

Духьа ламаз диц ма де☀️

▪️Абу Бурайдата (АллахI реза хуьлда цунна) аьлла: “Суна хезира АллахIан Элчано (ﷺ) олуш: “Адаман дегIехь кхо бIе кхузткъа хуттург ю. Ткъа цунна тIехь ду оцу хIора хуттургана тIера сагIа далар”. Асхьабаша элира: “Хьенан кхочур бу и дан ницкъ, хIай АллахIан Элча?”. Цо элира: “Маьждиг чохь йолу шатт ахь дIаяккхар а сагIа ду, некъа тIера (новкъа йолу) хIума ахь дIаяккхар а сагIа ду, ткъа нагахь санна хьан ницкъ ца кхачахь – духьа шина ракаIато тоам бийр бу хьуна цунна”.

Абу́ Да́ву́д: 5242

▪️Куц:

Дагахь духьа ламаз дан аьлла ният хир ду;

Лаххара барам 2 ракаlат, лаккхара барам 8 ракаlат, хlора ши ракаlат дlадаьлча салам а луш.

▪️Хан:

Малх схьакхеттачул тlаьхьа 10-15 минот яьлча дуьйна делкъа хан хила цхьа пхи минот йиссалц.