Мамлайф
Мамлайф
Приложение для мам
إيمان

Что такое зуьхьа-ламаз и как его совершать?

ТИДАМЕ ЭЦА ЦА ХУУШ ВОЛЧО❗️

Зуьхьа (духьа) -ламаз.

Зуьхьа-ламаз кхо бIе кхузткъа (360) сагIин метта нислуш ду. Муха нисло аьлча: адамийн дегIехь 360 хуттарг ю, оцу хуттаргех хIора даьIахк а сагIане хьашт ю, денна цунна тIера ахьа доккхуш долучу. И сагIа – шукар ду, Дала хьайна деллачу оцу ниIматна ахьа деш долу. Ткъа оцу дерригенан а метта хIуттуш ду зуьхьа-ламазах ахьа деш долу ши ракаIат.

Оцу шина ракаIатан пайданаш пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) дийцина:

«ХIора дийнахь а Iуьйре хиларца шух хIора а сагIа дала дезаш ву, шен дегIана тIехь хуттаргаш йоллучул. ХIора «субхьаналлахI» дош алар - сагIа ду, хIора «алхьамду лиллахI» дош алар - сагIа ду, хIора «лаилахIа иллаллахI» дош алар - сагIа ду, хIора «АллахIу Акбар» дош алар - сагIа ду, диканна тIехьоьгIуш омра дар - сагIа ду, вочух сацор - сагIа ду, амма оцу дерригенан а метта хIутту Iуьйренан ши ракаIат ламаз»

Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) аьлла:

«Сан доттагIчо (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) весет дина соьга - хIора баттах кхаа дийнахь марха кхабарца, ши ракаIат зуьхьа-ламаз дарца, со дIавижале хьалха витар-ламаз дарца»

Цуьнан хан дIайолало малх схьакхеттачул тIаьхьа ткъа (20) минот яьлча, делкъа-ламазан хан хилале хьалха ткъа (20) минот йиссалц.

Зуьхьа-ламаз дар уггаре дезах хуьлуш йолу хан - малх чIоггIа бохбелла йолу хан ю.

Цуьнан уггаре лахарниг - ши (2) ракаIат ду.

Цуьнан уггаре дукхах дерг - бархI (8) ракаIат ду, цхьаболчара дукхаллин хадийна барам бац аьлла

Что такое грех латина?

Грех латина Сайн хил дезаг хилла, цун дер сайн т1ер кож хьа доккхитар ду оц Сбербанкиг. Урок на всю жизнь