Мамлайф
Мамлайф
Приложение для мам
Heda~
Heda~
Мама троих детей

Какие мудрости чеченского народа стоит знать?

Жемчужины чеченской мудрости !

Гергара вара алий, харц луьйш волчу стагана тIе ма

хIитталаш, и бале вера ву шуна.

Къен вара алий, оьзда воцучу стагах къа ма хеталаш,

цо, вуьзча, зулам дийр ду шуна.

Хьал долуш вара алий, вуьзначу стаге шайх жоп ма

далийталаш, цо нийсо йийр яц шуна.

Дешна вара алий, муьлх-муьлхачу Iеламстага

бохург ма делаш, Делах девр ду шу.

Дикчу гIуллакхашца бевзаш болчу нехан доьзалшна

гIо делаш, и гIо зиэ довр дац шун.

Наха эладита дуьйцура алий, бIарзлой, ца бича, ца

болучу бекхамна сих ма лолаш,сихаллехь эцна чIир

тIаьхьешна бале йолу шуна.

Аса бийр бу цуьнан болх, алий, цхьаьна а адман са-

даккха ма сихлолаш, Дала бекхам бийр бу шуна, шегара

и бакъо схьаэца г1оьртина аьлла.

Хаза ю, алий, орам боцучу нехан зуда ма ялаелаш,

доьзалех мостагIий хир бу шуна.

Шаьш дола деш кхиийна жIаьла, шайна лета далахь,

хаалаш, шайн цIен тIехь шаьш сов девллий.

Шайна вуон динчунна бекхам бе бохуш, доьзал ма

кхиабелаш, баккхий хилча, цара бекхам уггар хьалха

шуна бийр бу шуна.

Беро дийр ду-дац хьажий бен, цунна тIе хIума ма дил-

лалаш, кIеззигчу хIуманна тIехь эвхьаздевр ду шу.

СагIина луш йолу хIума, и лучун дагахь хIун ду

хьажий бен, схьа ма эцалаш, цкъа мацца цо и т1ехтухур

ду шуна.

СагIе ма марз лолаш, и шайна схьакхехьа долийча,

наха шаьш кхаба деза моьттуш, дуьненна оьгIазоьхур

ду шу.

Воккхачо бохург делаш: и нийса велахь, пайда хир бу

шуна, и харц велахь, гIалат хьаьнггара а долуш хуьлий

хуур ду шуна.

Шаьш динчу диканна дуьхьал, дцхьамма дика даре

аша сатийсахь, дукха хьежа дезар ду шун.

Аш дийр ду бохуш, дукха дийцийна хIума, наха дина

карор ду шуна.

Мотт беттачунна мотт тохарх, Дала ялсмане ца во-

хуьйтий хаалаш.

Нах, герзаш эцна, шайн керта ца лелхарх,шаьш

цадогIург лелор царна ца хаьа ма мотталаш.

Сатохар эхь доций, катохар сий доций хаалаш.

Буй тохарний, сатохарний юккъахь йоккха башхала

юй хаалаш.

Къайлаха лелош дегабаам боцуш, буо-бер ца хуьлий

хаалаш.

ГIиллакх дог делахь, гIуллакх куьйгаш дуй хаалаш.

Уггаре дукха наьIалт сийдолчу нахана олий хаалаш,

и шайна аьлча, бен доцурш дукха болу дела.

Орцах бовла нах боцучу нахе, шайн де доьхний ма

хаийталаш.

Вуьзча воьлуш, мацвелча воьлхуш волчу стагах ларлуш

хилалаш!

А-Х. Хатуев

(репост