Как поздравить друга на день рождения?

Нан на днюху цхьа хаз поздравлени юй шуьгахь?

1

Комментарии

🌸🌸🌸Mali🌸🌸🌸·Мама троих детей

Аллах1о декъала йойла хьо, йинчу денца Сан хьоме Нана♥️.. Сан Дуьне♥️ Хьайн ма хетта ирсе дахар хуьлийла хьан, дуьненахь а, эхартахь! Аллах1а массо г1очу х1уманах лара йойла хьо! Могуш маьрша дахар хийла хьан кхидаъ♥️ Эц везачу Дала Иман, Ислам, Собар лойла хьуна! Шена хаза хилла болу къинхетам бин, массо хьа къиношна геч дин, къемат дийнахь Ше 1индаг1аьхь нис йин, Элчано (Делер Салам -Маршал хил цун) Шапа1ат динчарах йин, Жоьжг1ат Ц1арах хьалхаъ яккхин, Йалсаманиц кхаъ баьккхин, ирсе йойла хьо Эхартахь! Аллах1а Ше уггаре лакхар хил йол Фирдовс Йалсамане йуьгийл хьо♥️ Хьайна безчаьрца, Хьо йезчаьрца цхьаьна хуьлитийла хьо! Аллах1а Декъала йинчарах йойла хьо! Аллох1умма Амин!♥️♥️♥️ Дала декъал йойла хьо!♥️ Дала хьайна хьокх дуьненчохь яккха елла йолу хан ирсе могшаъ йолуш яккхар лойла!♥️♥️♥️ Хьа во ма гойла тхун♥️♥️♥️♥️ Ишт хазаъ дикаъ могуш Дала тхойна яха йойла хьо♥️♥️♥️ Нана♥️♥️

Нравится Ответить
vselennaya·Мама двоих (4 года, 6 лет)

И мне

Нравится Ответить
Maks)·Мама троих детей

До1анца Деле хьо йоьхуш,

Хир ю со тахана, кхана.

Дуьненна даима йоьлуш,

Яхалахь,сан Хьоме нана.

Ирсечу кханенга йолуш

Дахаран хало ма гойла,

Когаха ирсан некъ хьерчош,

Вай Дала хьо декъал йойла!

Эхарх а дог1анаш шийла,

Еларо йовхо ло хьа.

Къинт1ера ялара доьху,

Ойланаш г1ийла ма ехьа.

Хилалахь, яхалахь, нана,

Елалой алахьа дош,

Дуьненна ма елха цкъа а,

Б1аьрхишца латта дашош.

Яхалахь, сан хьоме нана,

Дикане ерза еш ойла.

Кхоьллина Везачу Дала

Даима ирсе хьо йойла!

Нравится Ответить
seda·Мама двоих (5 лет, 7 лет)

@macsalina, Аллах1 рез хил☺️❤️

Нравится Ответить
vselennaya·Мама двоих (4 года, 6 лет)

@macsalina, Дел рез хуьл хаз ю😊

Нравится Ответить