Нан на днюху цхьа хаз поздравлени юй шуьгахь?
sedaМама двоих (младенец)Как поздравить друга на день рождения?Нан на днюху цхьа хаз поздравлени юй шуьгахь?поздравлениедень рождениядруг
Maks)·04.08.2020·vselennayaДо1анца Деле хьо йоьхуш,Хир ю со тахана, кхана.Дуьненна даима йоьлуш,Яхалахь,сан Хьоме нана.Ирсечу кханенга йолушДахаран хало ма гойла,Когаха ирсан некъ хьерчош,Вай Дала хьо декъал йойла!Эхарх а дог1анаш шийла,Еларо йовхо ло хьа.Къинт1ера ялара доьху,Ойланаш г1ийла ма ехьа.Хилалахь, яхалахь, нана,Елалой алахьа дош,Дуьненна ма елха цкъа а,Б1аьрхишца латта дашош.Яхалахь, сан хьоме нана,Дикане ерза еш ойла.Кхоьллина Везачу ДалаДаима ирсе хьо йойла!Отметок «Нравится»: 00 Ответить
vselennaya·04.08.2020·Maks)Мама сына-младенца, беременна (14 нед.) Дел рез хуьл хаз ю😊Отметок «Нравится»: 11 Ответить
🌸🌸🌸Mali🌸🌸🌸·04.08.2020Аллах1о декъала йойла хьо, йинчу денца Сан хьоме Нана♥️.. Сан Дуьне♥️ Хьайн ма хетта ирсе дахар хуьлийла хьан, дуьненахь а, эхартахь! Аллах1а массо г1очу х1уманах лара йойла хьо! Могуш маьрша дахар хийла хьан кхидаъ♥️ Эц везачу Дала Иман, Ислам, Собар лойла хьуна! Шена хаза хилла болу къинхетам бин, массо хьа къиношна геч дин, къемат дийнахь Ше 1индаг1аьхь нис йин, Элчано (Делер Салам -Маршал хил цун) Шапа1ат динчарах йин, Жоьжг1ат Ц1арах хьалхаъ яккхин, Йалсаманиц кхаъ баьккхин, ирсе йойла хьо Эхартахь! Аллах1а Ше уггаре лакхар хил йол Фирдовс Йалсамане йуьгийл хьо♥️ Хьайна безчаьрца, Хьо йезчаьрца цхьаьна хуьлитийла хьо! Аллах1а Декъала йинчарах йойла хьо! Аллох1умма Амин!♥️♥️♥️ Дала декъал йойла хьо!♥️ Дала хьайна хьокх дуьненчохь яккха елла йолу хан ирсе могшаъ йолуш яккхар лойла!♥️♥️♥️ Хьа во ма гойла тхун♥️♥️♥️♥️ Ишт хазаъ дикаъ могуш Дала тхойна яха йойла хьо♥️♥️♥️ Нана♥️♥️Отметок «Нравится»: 00 Ответить
vselennaya·
Мама сына-младенца, беременна (14 нед.)
И мне
Maks)··
До1анца Деле хьо йоьхуш,
Хир ю со тахана, кхана.
Дуьненна даима йоьлуш,
Яхалахь,сан Хьоме нана.
Ирсечу кханенга йолуш
Дахаран хало ма гойла,
Когаха ирсан некъ хьерчош,
Вай Дала хьо декъал йойла!
Эхарх а дог1анаш шийла,
Еларо йовхо ло хьа.
Къинт1ера ялара доьху,
Ойланаш г1ийла ма ехьа.
Хилалахь, яхалахь, нана,
Елалой алахьа дош,
Дуьненна ма елха цкъа а,
Б1аьрхишца латта дашош.
Яхалахь, сан хьоме нана,
Дикане ерза еш ойла.
Кхоьллина Везачу Дала
Даима ирсе хьо йойла!
seda··
Мама двоих (младенец)
Аллах1 рез хил☺️❤️
vselennaya··
Мама сына-младенца, беременна (14 нед.)
Дел рез хуьл хаз ю😊
🌸🌸🌸Mali🌸🌸🌸·
Аллах1о декъала йойла хьо, йинчу денца Сан хьоме Нана♥️.. Сан Дуьне♥️ Хьайн ма хетта ирсе дахар хуьлийла хьан, дуьненахь а, эхартахь! Аллах1а массо г1очу х1уманах лара йойла хьо! Могуш маьрша дахар хийла хьан кхидаъ♥️ Эц везачу Дала Иман, Ислам, Собар лойла хьуна! Шена хаза хилла болу къинхетам бин, массо хьа къиношна геч дин, къемат дийнахь Ше 1индаг1аьхь нис йин, Элчано (Делер Салам -Маршал хил цун) Шапа1ат динчарах йин, Жоьжг1ат Ц1арах хьалхаъ яккхин, Йалсаманиц кхаъ баьккхин, ирсе йойла хьо Эхартахь! Аллах1а Ше уггаре лакхар хил йол Фирдовс Йалсамане йуьгийл хьо♥️ Хьайна безчаьрца, Хьо йезчаьрца цхьаьна хуьлитийла хьо! Аллах1а Декъала йинчарах йойла хьо! Аллох1умма Амин!♥️♥️♥️ Дала декъал йойла хьо!♥️ Дала хьайна хьокх дуьненчохь яккха елла йолу хан ирсе могшаъ йолуш яккхар лойла!♥️♥️♥️ Хьа во ма гойла тхун♥️♥️♥️♥️ Ишт хазаъ дикаъ могуш Дала тхойна яха йойла хьо♥️♥️♥️ Нана♥️♥️