Мамлайф
Мамлайф
Приложение для мам
masya🌺

Тхойшиннан ирс оьшуш а хир дац шуна дийца, Бахамах, ахча-бохчанах и доьзна хирг цахиларна, Иза…

Тхойшиннан ирс оьшуш а хир дац шуна дийца,

Бахамах, ахча-бохчанах и доьзна хирг цахиларна,

Иза сайна, я цунна со мел ю и хила дезарна.

Дахар доьзна доцуш кхин лакхарчу лехамашца,

Тхойшиъ даха хьожур ду цу Ялсаманин некъаца,

Ницкъ мел бу массо а къинойх дlакъастарца,

Цу чу кхача а хьожур ду, Аллахlан къинхетамца.

Ткъа кхузахь? Дехар ду вовшийн бlаьра хьежарца,

Кхин совнах дерш ца эшарца.

Долуш цуьнан аз сан сица,

Сан са цуьнан цlийца,

Цхьаннан а йиш цахиларца

Цхьана а кепара иза хийца.🔗