Девочки ,пожалуйста ,найдите для меня трогательный стих.... желательно про маму 😙 желательно не длинный👍
Дийнахь а, буса а сада1ар доцуш
Хьайна ага улле а х1оттийна
Жимачу суна синтем а боцуш
Хийла хьо набаро еттина..
Д1адоьду и денош, д1айоьду и зама
Когайоьдуш, хьалакхуьуш со
Чу са а диллина лийли хьо Нана
Т1аккха а ца до1уш са.
Чекхъели и зама, хьалакхии со
Х1етте а синтем бац хьан
Х1ун хуьлу теша, х1ун лелор теша
Дахаран новкъахь аса.
Сагатдеш суна, Деле а йоьхуш
Новкъа йоккху даим ахь со
Хаьа суна, сан Нана, хьо реза йоцуш
Декъала хилла лелар яц со.
Къинт1ера ялалахь, хьан жимачу дагна
Хийлаза ас ярна вас
Ма дохко яьлла со, сан хьоме Нана
Ца хьестарна, догоьцуш ас.
Сан хьоме Нана, сан дика Нана
Ма мерза стом бу-кха хьо
Дуьненахь, эхартахь хьо йоьхуш,Нана
Хаалахь, Аллах1е йоьрзур ю со.❤️
Дел рез хил