Мамлайф
Мамлайф
Приложение для мам
Dragomira

Къонаха мила ву? И меллалц веха?

«Къонаха мила ву? И меллалц веха?» - Хаьттира ахь соьга Шуьнехь 1аш вай. - Дерриг а дуьне ду Къонахчун меха. Х1ар дуьне-м къонахийн Белшаш т1ехь дай. Ламанца дин лелац, Ца хилча ленаш, Уьш кхачаделлачохь Соцуш бу дин… Иштта бу къонахий, Х1ар дуьне латтош. Къонахий д1абевлча – Духур ду и. Къонаха – дахаран Синпхенийн мерз бу. Къонаха – дуьненан Г1айг1анийн шад. Цо ларйо дахаре Вайн йолу марзо. Къонаха – пха кхосса Дуьйлина 1ад. Къонаха вехийца Даймехкан сийнна, Даймехкан сий лардеш, Вала и ле. Ле иза, кхин ваха Ца лууш сана, Ленвоцчу сийлалле Кховдаеш ц1е. Ца лууш ца ле и Вайначул ваха,- И вайна, махкана Хьалхара ле. Х1ар дуьне мел деха, Къонахий беха: 1ожало лийр йоцчу Сийлалле хьош. Терзан т1е ца дуьллу Цо деший, даьхний Халонехь хадочохь Хьуьнаран мах. Ахь дуьне мах болу Шен корта буьллу, Вайн маршо ларъечохь Саг1а дой шех. Къонахийн собар ду Лекха лам баккхал, Собар ду сов доккха, Кхача ца луш. Къонахийн собар Кхачийча-м, боккъал, Х1ар маьлхан вайн дуьне Духур ма ду. Дуьненан машарна Г1ароллехь лаьтташ, Сийлаллин таж ма ю Церан само. Къонахийн само Артъеллачу меттехь Мостаг1 ву кийча 1аш Дуьне дохо. Той кхолуш х1оттаде Боцчарна г1анташ. Дийначел дийна бу! Вайца бу уьш! Къонахийн сий хуьлда! Г1овтта вай, к1ентий, Хьакъ долу сий, хастам Царна а луш. Къийсамна хьалха бу Байракхан суьртахь, Лийр йоцчу сийлалле Шаьш дуьгуш вай… Дерриг а халкъаша Г1улч туьйсу бертахь, Доьлху уьш ирс долчу Хьалхенга шайн. «Къонаха мила ву? И меллалц веха?» - Хьаттира ахь соьга, Шуьнехь 1аш вай. - Дерриг а дуьне ду Къонахчун меха. Х1ар дуьне-м къонахийн Белшаш т1ехь дай!)

3

Комментарии

unknown

unknown

Какая приятная истина,какие золотые слова,так легко читать.

Ответить

aslambekovna3334

ЗаремаМама сына-младенца

мы в школе учили этот стих😄

Ответить

unknown

unknown

Какая приятная истина.

Ответить

Как пережить потерю ребенка? История матери, которая верит в Аллаха

Тха Нанс,тха йижарш дов до сун ас постоянно и к1ант вуьйц бохш, бер могш хилчан беъ дац бохш,цундер кху чохь шуьг дуьйцар ду ас🫣ва Везан Дел и сун сан и к1ант везш цхьаъ юй теш кху чохь,ма ч1ох Аллах1е воьх ас и сайн😔вайн йиснаг кху дуьненчохь мел хан юъ ца хаъ,ху хир дуъ ца хуъш дуьне ду х1ар,но все равно ма ч1ох лаьаркх сун и к1ант волш йол хан ощутить я😔

Са доц Иман, собар((((Са даге лалуш дац х1ар х1ум😥😥😥 Т1акхаъ Алхьамдулиллах1 олш 1ашам ю со, Дел къинхетам бокх бу, цо…

Са доц Иман, собар((((Са даге лалуш дац х1ар х1ум😥😥😥 Т1акхаъ Алхьамдулиллах1 олш 1ашам ю со, Дел къинхетам бокх бу, цо вайн и хаа хоит!🤲🏻🤲🏻🤲🏻Аллах1 Дал цхьанаъ нан ма гойл ше бер ишт хьоляхь🥺😔😔😔Аллах1 Дал Иманяхь долш могш маьрш дах дойл массо бер!🤲🏻😔❤