АллахIу акбар ма дийцар ду хьар. АллахI Дал хьадоьлликх
нийсо тIи лац вай массери дагнаш.
Цхьан йоlа дуьйцу шен дахарах лаьцна:
Ша ишколехь доьшуш йолчу заманчохь, цхьана юкъанa керла хьехархо еарa шайн, хаза гlиллакхаш а долуш, оьзда а йолуш. Бусалб динчохь лела дан дезаш долу гlиллакхаш lамош яра и суна. Ма-дарра бусалба дин лело lамийра цо сун, нийса некъа тlехь яздан а lамийра цо сун, хиджаб лелаяр Аллахlа хlора бусалба йоlан тlедиллина фарз дуйла хаийтира цо суна.
Иштта, цхьана дийнахьа чу а еана ас сай нене элира:
- Хlай са нан! Хьуна цхьа кхаъ баккха лаьа суна!
Нанас хаьттира тlаккха:
- Хlу кхаъ бу иза? Хьехархочо уггара лакхара мах хадийна хьа экзаменехь?
- Хlа-хlа. И дац иза.
- Тlаккха дика дешаран баркалла олуш кехат делла хьун?
- Хlа-хlа. И дац иза, - аьлла, жоп делира йоlа.
Нанас элира тlаккха:
- Схьадийцахь, ишколера хьа а еана, хьо цхьа кхаъ баккха йоллу ца боху ахь? Хlу кхаъ бу и?
- Хьун хазахетар дан лаьа суна, хlай са нан! Хиджаб тlейоха йоллу со, - аьлла, жоп делира йоlа.
- Хlу дина бахар ахьа?
- Хиджаб тlейоха йоллу со, хlай са нан.
- Хьо lовдалам ца яьлла? Хlу ду ахь дуьйцарг?
- Хиджаб йоха лаьа суна, хlай са нан.
- Хьо коьртана галам ца яьлла?
- Ва нана, хиджаб тlейоьхна аьлла lовдалам ца йолу ша кхи?
Тlаккха нанас элира:
- Йол дера lовдал хьо-м! Хьа хеннара долу зудбераш ма ца лела йо хиджаб! Кхана, лам, хьо йоккха ма хилла, къан ма елла тlеюхар ю ахь, хlиццехь оьш яц хьун иза!
Тlаккха йоlа элира:
- Хlай, сан нана! Со жима ма яц. Со пхийттара яьлла йоl ма ю. Хьарам ма ду суна хиджаб йоцуш, дегlан меженаш lоьхуш лела.
"Хьехархочо хlара элира, хьехархочо важа элира",- бохуш, шен хуаг дийца хоьттира и йоl.
-Тlеппаза я хьоъ, хьа хьехархо а! Юхуьйтур яц аьлли цхьа а хиджаб - юхуьйтур яц!!!
"Стаг, хьажа хlокху йоlа хlу боху", - аьлла, йистхилира нана цуьн дега.
(Да): - Хlу еза баха цо шен??
(Нана): - Хиджаб тlейох лаьъ шен бах цо.
(Да): - lовдал ю-кх и! Наха шена хlу эра ду хаий цунна? Наха дуьйцар ма ду "ша ирча йолун дера йоьхний цо и, ша lовдал йолун дера йоьхний, йа ваххабистк юй". Жима ю хьо хlинца хиджаб лелаян, хьалхи ду хьун. Хьо мари йоьдучу хена цхьаъ дийра ду вай!
Тlаккха йилхира и йоlа. Дагчу сингаттам боьссира цунна, хала а хийтира цунна.
Хlу бакъо ю цуьнан чуьрчера цуьнга хиджаб ца юхуьйтуш доьхьало йан? Царна хазахетар ду моьттуш ма яра и.. Церан самукъадер ду моьттуш ма яра иза ша и хиджаб тlейоха йоллий хиъча, амма цара халахетийтара цунна юхуьйтур яц аьлла..
Шен бала балхош шен хьехархочунна тlеяхара иза.
Хьехархочо дог хьаьстира цунна:
- Жимма собаре хила хьо, Аллахlа хазахетар дийр ду хьун! Аллахlа нис дийра ду хьуна дерриге, жимма собаре хила хьо Аллахlера хира йолчу йолан са а тасий!
Цул тlаьхьа денош дlадаха. И шо дlадели. Керла шо доладели.
Де-дийне маьл долу ше дега-нене дехарш дора цо "йохитхьара аш шега и" бохуш, амма цхьа а пайда ца хуьлар цунах.
Иштта зама яхара, ишколера яла а яьлла, институте деша дlахоьттира и йоl.
Йоlа йоккха хилла.
"Хьо институте дlа ма хоьттина, ша тlеюхийтар ю хьуна хьоьга и", - аьлла, дош деллера цун нанас, амма и институте хоьттичи а хlинца доьхьала яра-кх иза:
- Кхин йийца а ма йийцлахь соьга и хиджаб! Хьайн луарг де, амма хиджаб суна кхин хьеха а ма елахь! Хlа, ахча а ду хьун, хьайн луарг дехьа, парки гlо, базар гlо, хьайн лууче гlо, амма хиджаб ма хьехае сун кхи! Хиджаб ца йийцичхьана хьайн луарг дахьара ахь.
Вай Делера ду, И волче дерза дезаш а ду-кх вай.
- Хlай са Нан, Аллахlан Цlарца доьху ас хьоьга тlейохит соьга и. Аллахl реза хир ма ву суна. Хlай са Нан, со иштта лахь Аллахlан гергахь сун дан гlо дуй хьа? Далур ма дац хьоьга хlумма а..Хlай са Нан, оцу дийнахь йа ден а, йа нена а цхьа аьтто хир ма бац ше доьзалхочунна накъосталла дан. Доьзалхочун цхьа а таро хир ма яц ше нанна, йа дена гlо дан. Аллахlан муьтlахь хила ма лаьа суна. Хlай са Нан, кхоьллина долчу адмана муьтlахьа хилла, и кхоьллина Волчу Аллахlан lеса хила йиш ма яц сан. Хlай са Нан, суна дукха еза хьо, сай да а дукха веза суна. Кхин дlа доллучу массо а хlумана тlехь шуьшинна муьтlахь а хира ю со, шуьшинца дика а хир ю со, амма аш бохург дан а деш, Аллахlан lеса а йолуш лела йиш яц-кх са.
Нанас жоп делира:
- Оьш яц цхьа хиджаб! Юхуьйтур яц аьлли хьоьг - юхуьйтур яц!
Цул тlаьхьа шо, ши шо а дели.
Цхьа де деа, цу йоlа чlагlо йи Аллахlан омрун тlера кхин ша ера яц аьлла:
- Аш шена хуа дахь а, кхин гlура яц-кх ша оцу институте.
- Хlу элир ахь???
- Кхин институте гlур яц со элир..
Тlаккха нанас туьйхира цунна.
- Хьайн луарг де суна, хьайна лаахь урс а хьакха, амма аса Аллахlан Цlарца чlагlо ма йо хьуна, хиджаб йоцуш кхин кху чуьра ара ера ма яц со..
Цу юкъана оцу йоlан да чоьхьавелира.
- Хьавола стаг, хьажа хlокху хьай йоlа хlу боху, - аьлла, йист хилира цуьнга Нана.
- Хlинца хlу боха цо? - аьлла, тlечоьвхира да.
Цера да чlогlа буьрса стаг вара, цаьрга тlечоьвхина бен вист а ца хуьлуш, чlогlа къовламе вара и.
- Хlу баха цо тlаккха? - аьлла, хаьттира дас юха а.
- Ша институте кхин гlура яц боху хlокхо.
(Да): - И хlу ду тlакх? Хlунда ца йоьдуш ю иза цига?
- Хиджаб шега тlейохитталца гlура яц боху кхо ша.
(Да): - lовдал юкх и тlакх!
Иза йолче, сехьа чу велира да. Оьгlаза вахан вара и цунна.
- Схьаяьрзал цкъа!!! Ахь хlу бахар?? - аьлла, тlечоьвхира и цунна.
- Хlай сан да, хlокхул тlаьхьа кхин оцу институте гlур яц хьун со, - аьлла, жоп делира йоlа.
- Хlунда ца йоьдуш ю хьо цига?
- Хиджаб тlейоххалца кхин гlур яц ша, - аьлла, жоп делира йоlа.
Цул тlаьхьа дас йиттира цунна.. Туьйхира цо цунна..юьхь тlе туьйхира цо цунна.
Йоl лаьтта охьаюьйжира..Мохь белира цуьнга, яьлха йолаелира иза.
Цул т1аьхьа:
- Хьажал! Со хьоьца забарш яьш вац хьун! Со хьоьца бекш беш а вац хьун! Хьо кханнехь йа институте йоьду, йа ас урс хьокхур ду хьуна!! Йа хьо кхана цига гlура ю, йа аса хьо юьйр ю!!
Иза а аьлла, неl тlе а тоьхна, аравелира цун да чуьра.
Амма и йоlа маьнгах дlа а тоьвжина, йоьлхуш йисира..lуькъхена ламаз дан хьалагlаьттира иза, Аллахlан ше бала белхо хоьттира и:
- Хlай сан Дела! Ас хlун дийр дара теш? Ас хlу дича бакъхьа дара теш? Ахь бохучунна тlера со яккха гlерташ букх хlорш, Хlай сан Дела!
И буьйса маьл ю, иштта йоьлхуш йисира и йоl. lуьйре хилира. Амма иза институте ца яхара, ша йина йолу чlагlонна тlаьхьа чакха а йолуш.
Дас юха а йиттира цунна. Де-дийне маьл долу чlогlа а етташ яьтта цо цунна.
Цхьана дийнахь, оцу йоlан нанас элира ше хlусамдега:
- Хьажахь стаг, ахь яьттарх пайда ца болу. Жимма къамел дан хьажахь цуьнца. Къамелаца кхетий хьажахь иза, юха яла тарлора-кх иза.
Къамелаца иза юхаяккха хьоьвсира уьш, амма йоlа хlума юучера а сецнера. lад шен оцу чоь чохь lаш яра иза ара а ца йолуш, lад шен ламазаш а деш, шен наб а еш. Кlеззиг хlума йоцург яахlума а ца юар цо.
Иштта денош дlадаха. Цул тlаьхьа цонгаш хили-кх и йоl...Иштта цонгаш хили и миск йоl...И цамгар бахьана долуш меттахь йиси и.
Амма оцу йоlа да хlинца а доьхьал вар-кх:
- Ша юхуьйтур яц цуьнг цхьа а хиджаб, оьш яц цхьа хиджаб!
Иштта, могш йоцуш меттахь йисира и йоl. Лазар кхиъ чlагl деллера цунна.Иштта кхиъ денош дlадахара.
Оцу йоlо дуьйцу:
- Шен да наггахь чувогlура ша йолче. Ша ши бlаьрг тlекъовлар ша наб кхаьтта ю муттийташ. Ша кхоьрар цунах. Ша кхоьрар цо шега вуо дош аларна, йа тохарна, йа оцу институте гlо бохуш шен нийкъ барна.
Цундела, ша йижан ю муттийтар чу моссаз воху.
Иштта, шеца хlинцалца, оццула буьрса хил волу, шена яьтташ хил волу шен да ва а веана, шен когашка охьа а хиина, вист ца хуьлуш lаш вара.
Иштта, цхьана юкъана, чу а веана, иза хиина lаш хена ша хьаьжира цуьнга хlу деш ву иза. Боккъалла шен гира, цун бlаьргара охьаоьхуш хиш дара, воьлхуш вара иза. Юха бlаьргара хиш дlа а даьхна чур аравелира иза.
Оцу юкъана кхийтира ша боху цо, баккъалла а, Аллахlа Дала шен ден дог схьадоьллур дукх бакъо тlеэца.
Кхин дlа а дуьйцу цо:
- Оцу буьйсана хьала а гlаьттина, ше дений, ше нанний доlанаш дан хlоьттира ша. Бакъо тlеэцийта а, цаьршинна дегнаш схьадаьллар а дийхира ша Деле.
Цул тlаьхьа, шолгlачу дийнахь, ше нана еара ша йолче. Йан а еана, шен юххе охьа а хиъна, цо хаьттира шега:
- Муха ю хьо тахана, хlай ше йоl?
- Аллахlан Хастам букх, - аьлла, жоп делира ша.
Цул тlаьхьа, ше нанас хаьттира шега:
- Хьажахь, хlай ше йоl, хlинца а езаш юй хьо и хиджаб?
Тlаккха ша жоп делира цун:
- Баккъалла а, хlай са Нан, ас Аллахlан Цlарца чlагlо ма йо хьуна и хиджаб сун пайдехь ма ю. Шаьшина суна дик дерг дан лаахь и хиджаб тlеюхуш гlо дайша сун. Хlай са Нан, Аллахlа дина омру ма ду и, вай Элчан (ﷺ) суннат ма ду и, вай динехь чlагlдина ма ду и. Хlай са Нан, ас Аллахlаца чlагlо ма йо хьун, сун пайдехь ма ю и хиджаб. Гlо дехьа суна и тlейоха, хlай сан Нан.
Ша и аьлча елаелира ше Нан, боху цо. Амма, ше нена lадатехь дацаркх хиджаб хьехочу хенахь елалуш, оьгlаз аьхар доцург.
Ша хаьттира цуьнга:
- Хlунда йоьлу хьо, хlай ше Нана?
Тlаккха, ше нанас ше дега схьакхайкхира:
- Хьавола, стаг.
Да а схьавеара. Тlаккха ше нанас элира шега:
- Хlай ше йоl, баккъалла а, цхьа кхаъ букх шайгахь хьуна!
Тlаккха ша элира цуьнга:
- Хьадийца, хlу кхаъ бу, хlай ше Нан? Баккъалла, дукха зама ю-кх ша сатуьйсаш цуьнга.
Тlаккха, тlоьрмиг чуьра хиджаб хьаийцира цун нанас.
Тlаккха элира цуьнга нанас:
- Сой, хьа да а тахана базар а дахана, хьуна хиджаб а аьцна (бусалба динехь хила ма деззара духар аьцна) хьадеъна хьуна. Тахана дуьйна хьоъ ю хьун хиджаб лелочарах. Хьо бакъ луьш хиллера хьун, тхойшингара гlалат даьлла хиллера хьун. Хьо бакъонна тlехь йолуш, тхойшиъ харц луьш хиллера хьун. Бакъ луьш хиллера хьо, хиджаб юкх сийлалла, хиджаб юкх оьздангалла! Хlинца дуьйна тхуна а лаьъ хьоьга хиджаб лела яйта.
Аллахl Дала схьадиллира цун ден дог а, цун ненан дог а, бакъо цаьршинга тlеэцийта.
Аллахl Дала схьадиллира цаьршинна дегнаш и йоl собаре хилар бахьан долш. И ша бохучунна тlера ца ялар бахьан долуш дlадиллира шуна Аллахlа цаьршинна дегнаш.
Цо сатохар бахьан долш, Аллахl Делера цо гlо лахара бахьан долуш, цо Аллахlе кхайкхар бахьана долш дlадиллира шуна цаьршинна дегнаш Аллахlа.
Мила ву Ша жоп луш верг шена гlело хиллачунна, цо Шега кхайкхича‚ и зулам дlадоккхуш верг?
Йилхира и йоl, дукха бlаьрхиш lенийра цо, амма цо lенийна бlаьрхиш аьрна ца хиллера шун. Аллахl Дала ялл язийна хиллера шун цун. Цун лууш дерг, цун дезаш дерг Аллахl Дала делира шун цун. Цун да а, цун нана а нийсачу некъа тlе бехира шун Цо. Хьа бехира уьш нийсачу некъа тlе? Баккъалла а, Аллахl Дала бехира-кх!
Хlай сан лераме бусалба йиш! Хиджаб лелаяр фарз ду хьуна тlаьхь. Собаре хил хьо, сатоха ахь! Хьан хlусамда доьхьал хила а тарло хьун, хьа да хьун реза ца хила а тарло хьун, хьун гондахьа маьл болу нах доьхьала бовла а тарло хьун, амма, уггаре коьртаниг - Аллахl хьун резахилар ду хьун!
Вай Элчано (ﷺ) ма аьлла: "Нах реза буй баций а ца хьожуш, Аллахl реза ван гlертачу стагна Аллахl реза хир ву хьун, нах а реза бийр бу хьун Цо. Аллахl реза вуй ваций а ца хьожуш, нах рез бан гlертачунна Аллахl оьгlаз гlур ву хьун, Аллахlа нах а оьгlаз бохуьйтур бу хьун цунна!"