Mom.life
къаьсттина таханлера дийнахь бусалба зудчунна а, йоlана а бакъдолу доьналла а, чlогlа долу ийман а оьшу Аллахl реза хир волчу некъа тlехь чекхйала..

ткъа бусалба дино зудчунна бакъонаш ма йелла..

Аллахl шайна реза хир волу некъ бовза, Аллахlа шайна делла долу бусалба дин довза, цу бусалба дино зударийн бина ларам, дина сий довза сагатдеш шу делахь..

шайн дукхах долу хаттаршна жоьпаш дезаш, шайн гlалаташна тlекхиа лууш, и шайн гlалаташ нисдан лаам болуш шу делахь..

шайн амал, лелар, боккхуш болу ког а нисбан лууш, бусалба зудчун нийса масал муьлха ду хаа лууш сагатдеш шу делахь, иштта кхин дlа дагардина ца валлал – даггара хьехар ду зударшах лаьцна бlе хьадисе ладогlарца.

t.me/stohadis – бlе хьадис а, цуьнца хlоьттина чаккхе йоцу пайданаш а..

Аллахlе доьху, Цо Шен дин тlехь вай чlагlдар а, вайна Шен дин леладан ийман, доьналла, хьуьнар далар а.
19.02.2025
1

Лучший комментарий

Комментариев ещё никто не написал.

Читайте также