Mom.life
مريم
gatsaeva95
مريم

Почему наша мама плакала, когда мы делили еду?

Шурийт1ехь кхехкийна гарзанаш чохь кад юккъе а х1оттийна, х1оранна а шен-шенна 1айг белира тхан нанас:
«Бисмалла а даккхий, х1ума яа шайна»,-аьлла.
Со вуххьа велира, ца юуш.
«Ахь х1унда ца юу, х1ун хилла хьуна?»-хаьттира нанас:
- Суна цаьрца яа ца лаьа, суна сайнна беза кад,-жоп делира ас.
Суна т1е куьг а хьаькхина, хьаста а хьаьстина, юха а элира цо:
-« Вало, цаьрцанна яа х1ума. Йиш-вешийца цхьана юуш мерза ма хуьлу юург»,-аьлла.
Со юха а сайн лаамт1е г1ертара.
Т1аккха реза йоцуш схьа а хьаьжина:
- « Вало, т1е хила. Кхуьур ву хьо…. И кад а кхочур бу хьуна хьайнна а »,-аьлла, дехьа елира иза.
- Со т1аккха а юучунна т1е ца г1уртуш, сайн амалца соьцура.
Гарзанаш юуш 1аш йолу сол жима йиша а, ши ваша а нене д1а а хьаьжина,
т1аккха соьга схьахьаьжира, суна реза доцуш.
Цуьнан тидам хиллера церан. Со нене д1ахьаьжча, б1аьргех девлла хиш
д1адохуш хийтира суна и. Со бахьана долуш, цуьнан б1аьргех хи даьлла эхь хетта, кхин вист а ца хуьлуш, т1е а хилла, х1ума йиира ас.
Цул т1аьхьа, и тхайн ненан б1аьргех даьлла хи дага а дог1уш, вовшеха ца херлуш,
мерза хан яьккхира оха, цхьана, - аьлла, дийцира дас шен доьзална.
Т1аккха доьзалех цхьамма хаьттира:
- Дада, х1унда йилханера иза? Кхин кад бацара цуьнан, хьуна гарзанаш йотта?
- Кедаш дуккха а дара. Цу цхьана кедахь йиш-вашас вовшеха оьцуш йолчу
марзонан чам, суна ца бовзарна кхоьруш хиллера иза.
- Т1аккха хьуна бевзарий и чам?
- Бевзара. Дера бевзара,-аьлла, цхьана суьрта т1е хьоьжуш сана,
бесачу пене хьоьжуш, сецира иза.
- Тайри хьуна и чам, Дада?-хаттар дира к1анта юха а:
Дас жоп делира:
- Йиш-вешийца цхьана кедахь, 1ожаллин кхача баа ваххал тайра суна и чам,-элира воккхастага, цул т1аьхьа, т1етуьйхира:
-Делахь а, къаьста ца г1иртичий а, замано къаьстош хилла. Цхьанна шенна
буьтуш а хилла и кад, тхан нанас ма боххура. Х1етахь суна моьттура,
цхьа тхайн нана бен, цуьнан ден-ненан доьзал кхин хилла бац.
Миска, иза хиллер-кх, цхьаъ ша йисина, х1инца со санна,-аьлла,
эхьах ваьлла, вилхира воккхастаг, - Байттмалла я1, хьо дуьне,
байттмалла я1,- бохуш, шен йиш-вешийца цхьана ша кхача биина кад мара а
къуьйлуш. Доьзал кхийтира, йиш-вешийна юккъерачу гергарлонал мерза,
кхин марзо хуьлуш цахиларах.
18.01.2025
308

Лучший комментарий

Комментарии

zalispring
zalispring
До слез 😢❤️‍🩹
18.01.2025 Нравится Ответить
israilovaiman
israilovaiman
Можно скопировать?
18.01.2025 Нравится Ответить
gatsaeva95
gatsaeva95
Это не моё личное. Можно
18.01.2025 Нравится Ответить
djumila
djumila
С каким теплом я вспоминаю,как я с братьями ела рисовую кашу из одной кастрюли на маленьком столе сидя на полу.И стол и кастрюля до сих пор есть,но нету брата,который раздавал нам ложки💔
18.01.2025 Нравится Ответить
elina_roborock
elina_roborock
😔😔😔
19.01.2025 Нравится Ответить
dogmara
dogmara
Как же я боюсь, что мои будут как чужие друг другу
18.01.2025 Нравится Ответить
rayrous_photo
rayrous_photo
Поэтому каждый шен шен вакх вез ницкъ маьл бу
18.01.2025 Нравится Ответить
rayrous_photo
rayrous_photo
Цхьан кертахь бол вежри и зудри хьа ма бал бин вовше гома хьеж буьл ло
18.01.2025 Нравится Ответить
dogmara
dogmara
@rayrous_photo Аллах1 хуьлитил х1оране шай х1усам
18.01.2025 Нравится Ответить
inkoxnito
inkoxnito
😭😭😭😭❤️‍🩹
18.01.2025 Нравится Ответить
nemco_mahkar_noh4i
nemco_mahkar_noh4iстикер
18.01.2025 Нравится Ответить
Читайте также