Со тахна къежарха шуна,
Бедар ас т1е кхолларх хазнаг,
Сан кийра ц1е летта бога,
Даг т1ера доьжна сан зезаг....
Вай ц1енна йолу со генна...
Сай дагна парг1ато лоьхуш...
Мохь туххуш кхойкху хьоь денна...
Буьйсанна баттана йоьлхуш...
Стиглара седарчи къега...
Серлонца некъ къагош суна.
Ткъа суна яц цхьа а башха...
Б1арзделла дог доьлху хьуна....
Г1ан хилла,аренца хийла,
Хьан сибат лоьху ас тайна...
Вуолахьа,ас доьху,тийна..
Хьо воцуш вайгахь ду шийла...
Маржа я1 сан ц1ийн Да,
Сан кийра богу ц1е летта,
1адийна дуьнено сина,
Хили со хьаша хьан чуьрта.
Хьан дег1ах ша бина шийла,
Доьзал хьан хьажийна байла.
Х1ара дуьне эшац-кха суна,
Хьо воцуш,сан деган йовхо.
Дог доьлху сан безам хьуна,
Лалац соь дуьненан харцо.
Хьо волчу йог1у со тахна,
Б1аьстена эсал мох хилла,
Сел ч1ог1а холчу ма вийла,
Хьоменаг,ларор ду вайша..
Йа Аллах1,
Доьху хьоь
Сан дог ахь декъахьа шалха.
Яккхахьа баланах хьалха...
Вай ц1енна мел йийларха генна,
Дагт1ера байлац-кха бала...
Волахьа,ас доьху,тийна...
Хьо воцуш вайгахь ду шийла......
Мел елхарх,мел тийжарх шуна,
Хадийна,кхачийна безам...
Аш суна хаз дийцарх туьйра...
Денлур дац дагт1ера зезаг.....
Денлур дац
дагт1ера зезаг.....
4.12.19г💔💔💔💔